[1] Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тӀехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла.
[2] Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доӀанаш делаш.
[3] Иштта тхуна тӀера а доӀанаш де Деле, Цуьнан дош дӀакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дӀайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дӀакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь.
[4] Дехалаш Деле, и къайле дӀакхайкхо еззачу тайпана дӀакхайкхо суна хаийта алий.
[5] Арахь болчаьрца хьекъале хилалаш. БегӀийла меттиг шайна нисъелча, хьехамаш бан пайденна хилийталаш.
[6] Шун дистхилар а хаза хила деза, дуьйцург сингаттаме ма хилийта, хӀоранга а жоп муха дала деза а хууш.
[7] Сох лаьцна шадерг ТихӀака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гӀуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза.
[8] Тхоьгахь хӀун хьал ду шуна хаийта а, шун дегнаш иракарахӀитто а воуьйту аса иза шу долчу.
[9] Шу долчуьра тешаме а, хьоме а волу динан ваша Онисам а ву цуьнца. Цара кхузахь долчу дерригенах а лаьцна дуьйцур ду шуна.
[10] Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тӀедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.)
[11] Иштта маршаллаш доуьйту шуьга ЮшаӀа а. (Кхечу тайпана Юст олу цунах.) И кхоъ сунтбинчех ву. Уьш бен бац соьца Делан Олаллина лерина къахьоьгуш болу сунтбинарш. Сан чӀогӀа догъоьцура цара.
[12] Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тӀера дечу доӀанашкахь, шайн тешарна тӀехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а.
[13] Лаудика-гӀалахь а, ХӀерапал-гӀалахь а долчу шуна Эпарпис чӀогӀа къахьоьгуш хиларх тоьшалла до аса.
[14] Маршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а.
[15] Маршаллаш ло Лаудикехь болчу динан вежаршка а, Нумпате а, цуьнан цӀерачу динан тобане а.
[16] ХӀара кехат шаьш долчохь дешна даьлча, Лаудикерачу динан гуламехь дӀадешийта, ткъа Лаудикехь дерг шайн гуламехь аша а деша.
[17] Арихупе иштта дӀаала: «Варелахь, Везачу Элаца волуш айхьа тӀелаьцна долу деза гӀуллакх кхочушделахь».
[18] Аса сайн куьйгаца яздо шуьга хӀара тӀаьххьара долу маршалла. Со набахтехь хилар диц ма делаш. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.