Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:57

[1] Со, ПахӀал, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КӀелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а.

[2] ХӀара кехат ас яздо хьоьга, Тимапига. Делах а тешна, хьо сан бакъволу кӀант санна хилла. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хуьлда хьуна.

[3] Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь.

[4] Къийсаршна тӀе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Ӏалашонна тӀе ца балабо уьш.

[5] ЦӀеначу даггара, эхь-бехках буьззина, шалхо йоцучу тешаро хуьлуьйту безам бу уьш дӀабехкаран Ӏалашо.

[6] Оцу хьехамашна тӀера дӀа а бевлла, цхьаберш, даьссачу хабаршкахьа а бирзина, галбевлла.

[7] Товрат-хьехаман Ӏелам-хьехамчаш хила лаьа царна. Делахь а уьш шаьш а ца кхета я шаьш дуьйцучух я шаьш тешарца хьоьхучух.

[8] Ткъа вайна-м хаьа, товрат-хьехамаш дика буйла, нагахь санна уьш лело ма-беззара лелош белахь.

[9] И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Ӏедална муьтӀахь боцучарна, Ӏесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу.

[10] Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догӀуш лелочу массо а хӀуманна бина бу и товрат-хьехамаш.

[11] Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш.

[12] Суна ницкъ беллачу вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана баркаллаш боху ас. Со тешаме а хетта, Шена гӀуллакх дан со билгалваьккхина Цо.

[13] Ӏийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Ӏийсах ца тешаш а хилла дела.

[14] Вайн Везачу Эло маьхза луш долу дика суна алссам тӀеӀаьнна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца болчу безамца а, тешамца а цхьаьна.

[15] «Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кӀелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву.

[16] Цундела ма гечдина суна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шегахь мел долу доккха собар суна тӀехь гайтархьама. Цунах а тешна, хедар доцу дахар тӀеоьцун болчарна массарна а масална дина ду иза.

[17] Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин.

[18] Хьехам бо ас хьуна, сан кӀант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тӀемалочо санна, къовсам латтабойла,

[19] хьайн тешар а, сий а лардеш. Цхьаболчара уьш юхатеттинера, цундела церан тешар хӀаллакьхилла, бохам баьлча доьхна хинкема санна.

[20] Ишттачех бу ХӀуьманай а, Искандар а. Ӏеса къамелаш дан ца дезийла уьш кхетийтархьама, аса уьш иблисан кара дӀабелла.

Векало ПахӀала Тимапига яздина хьалхара кехат — Chapters