Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:46

[1] Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дӀасабаржийта а, лоруш тӀеэцийта а тхуна тӀера доӀанаш делаш.

[2] Кхин а дехалаш мекара а, вон а нах вайх дӀакъастор, хӀунда аьлча берриш а ма бац цу кхоах тешаш.

[3] Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чӀагӀ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду.

[4] Оха шайна хьоьхург аша кхочушдеш хиларх а, кхин дӀа а кхочуш дийриг хиларх а Везачу Элаца хиларна, шух лаьцна долчух шеко йоцуш тешар ду тхан.

[5] Делан безам бовза а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан собар довза а шун дегнаш Везачу Эло тӀехьажадойла.

[6] Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Ӏийсан цӀарах весет до оха, аша тхоьгара тӀеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дӀакъаста аьлла.

[7] Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора.

[8] Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха.

[9] Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама.

[10] Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хӀара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хӀума а ма яа», – аьлла.

[11] Шу долчуьра цхьаболу нах, къинош а летош, мукъа Ӏаш бу бохуш, хеза тхуна. ХӀумма а ца деш болу уьш нехан гӀуллакхашна чу юкъагӀерта.

[12] Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах тӀедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догӀу рицкъа даккха а, синна паргӀат хила а.

[13] Ткъа аша, динан вежарий, дарх кӀорда а ца деш, диканиг де.

[14] Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта.

[15] Иза мостагӀа санна ма лара, амма, шайн ваша хиларе терра, иза кхетаве.

[16] Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хӀуманна тӀехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а!

[17] Аса, ПахӀала, сайн куьйгаца яздечу маршаллица чекхдоккху хӀара кехат. Соьгарчу хӀора кехатан билгало ю иза. Аса иштта яздо:

[18] Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас дина маьхза долу дика хуьлийла шуьца массаьрца а.

Векало ПахӀала тассалникахошка яздина шолгӀа кехат — Chapters