Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:00

[1] Воккхачу стагана Ӏиттарш а ца еш, цунна хьайн дена санна хьехам бе, кегийчарна а, вежаршна санна, хьеха.

[2] Хьайн ненаца санна, лараме хила баккхийчу зударшца, хьайн йижаршца санна, лараме хила зудаберашца. Массо а агӀор догцӀена хила цаьрца.

[3] Бисина Ӏаш болу зударий лара – царах билггал бисина Ӏаш берш боху ас.

[4] Нагахь санна цхьана йисинчу зудчун бераш делахь, я берийн бераш делахь, уггар хьалха шайн доьзалш лара Ӏамо беза уьш. Шайн дена а, нанна а оьшург латто а деза цара. Далла хазахетарг ду иза.

[5] Билггал цхьа йисина Ӏаш йолу зуда, Делах дегайовхо а йолуш, дийнахь а, буса а доӀанаш а деш, сих-сиха Деле гӀо доьхуш хуьлу.

[6] Ткъа шен дегӀана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю.

[7] Царна ала хӀума ца хилийтархьама, кху хьехамех кхетабе уьш.

[8] Нагахь цхьаммо шайчеран, къаьсттина шайн цӀерачеран, дола деш дацахь, иза динах а ваьлла, Ӏесачу стагал а оьшуш ву.

[9] Кхузткъа шарал тӀехъяьлла хан а йолуш, цхьана стеган цӀарна тӀехь бен хилла а йоцуш, хила еза динан тобано дӀаязйина йолу йисина зуда.

[10] Шен дикачу гӀуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тӀе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гӀуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гӀо а деш, муьлхха а дика гӀуллакх дан а гӀерташ елахь, иза дӀаязъян тарло.

[11] Ткъа къона болуш бисина Ӏаш болу зударий ма харжа, хӀунда аьлча шайн дегӀан лаамаш хьалха бевлча, Дала леррина Къобалвинчунна тешаме а ца хуьлуш, царна маре баха лаа тарло.

[12] Иштта леларца шаьш бехкебойту цара, хьалха дина нигат дӀатеттина дела.

[13] Цул совнаха, мукъа хила а, хьошалгӀа эха а Ӏема уьш. Ткъа мукъа хилла а ца Ӏаш, эладитанаш а дуьйцуш, массо а хӀуманна юкъа а гӀерташ, хьашт мел доцург а дуьйцуш, лела уьш.

[14] Цундела лаьа суна бисина къона зударий маре гӀойла а, цара бераш дойла а. Шайн цӀа а лелош, шайна дуьхьал волчунна шайх лаьцна вониг ала цхьа а бахьана ца дуьтуш, Ӏан беза уьш.

[15] ХӀунда аьлча цхьаберш хӀинцале а иблисана тӀаьххье харц новкъа бевлла.

[16] Нагахь санна Ӏийсах тешачу цхьана зудчун доьзалехь йисина зуда елахь, цо кхаба еза иза. Ӏийсах тешначийн тобанна хало ян ца еза, баккъалла а бисина Ӏаш болчу зударшна оцу тобанан гӀо дан таро хилийтархьама.

[17] Ӏийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тӀехь а, хьехамаш барна тӀехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза.

[18] ХӀунда аьлча Делан Йозано хӀара боху: «Оруш болчу стеран бага дӀа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догӀу алапа схьаэца хьакъ долуш ву».

[19] Динан тобанан тхьамда бехкевар шиъ я кхоъ теш волуш бен тӀе ма лаца.

[20] Къинош летийнарш массарна хьалха бехке бе, кхечеран а даг чохь кхерам хилийтархьама.

[21] Далла а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хӀара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ.

[22] Сихлой, цхьанна а тӀе доӀанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цӀеналлехь латтаве.

[23] ХӀинца чул тӀаьхьа, деккъа хи а малий, ма Ӏе. Хьайн лозучу зорхан дуьхьа а, хьайна сих-сиха хуьлу цамгарш дӀаялийта а жимма чагӀар мала.

[24] Цхьаболчу нехан къинош гуш хуьлу, уьш бехке хиларх массо а кхета кхел а яле. Ткъа цхьаболчеран къинош тӀаьхьо бен гучу ца довлу.

[25] Иштта дика гӀуллакхаш а схьагуш хуьлу, ткъа уьш, гуш дацахь а, къайлаха а ца дуьсу.

Векало ПахӀала Тимапига яздина хьалхара кехат — Chapters