Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:36

[1] Нагахь санна цхьанна динан куьйгалхо хила дагадеанехь, цунна дика гӀуллакх дан дагадеана. И дош бакъ ду.

[2] Ӏийсах тешачийн тобанан гӀайгӀабийриг цхьанна а стеган ала хӀума доцуш цӀена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тӀеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза.

[3] Малар тӀехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза.

[4] Шен цӀа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтӀахь хила а, нах лара а Ӏамо деза.

[5] Шен цӀа лело а ларош воцург лелар вуй те Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гӀайгӀа беш?

[6] Ӏийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама.

[7] Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Ӏиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а.

[8] Динан куьйгалхойн гӀоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагӀар малар тӀех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш.

[9] Ӏийсах тешаран динах довзийтина бакъдерг цӀеначу дагца лардан хууш хила беза уьш.

[10] Ишттанаш а цкъа хьалха зен беза. Цул тӀаьхьа, ала хӀума доцуш уьш цӀена белахь, динан куьйгалхошна гӀо дайта мегар ду цаьрга.

[11] Царах терра хьанал а, мотт ца бетташ а, кхетаме а, массо а хӀуманна тӀехь тешаме а хила беза церан зударий а.

[12] Динан куьйгалхойн гӀоьнча а цхьана зудчун майра хила веза. Шен берашна тӀехь а, шен цӀа чохь а дика куьйгалла далуш а хила веза иза.

[13] Далла гӀуллакх дика деш болчарна лараме дарж а хир ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешар шеконаш йоцуш а хир ду церан.

[14] ХӀара кехат яздо ас хьоьга, кестта хьо волчу ван ойла йолуш.

[15] Нагахь санна со хьелахь а, Делан хӀусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хӀусам дийна волчу Делан долахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бӀогӀам а, бух а.

[16] Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чӀогӀа йоккха ю: Иза адаман дегӀехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.

Векало ПахӀала Тимапига яздина хьалхара кехат — Chapters