Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:16

[1] Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цӀе а, вайн хьехамаш а емал ца байта.

[2] Шаьш санна Ӏийсах тешачу шайна тӀехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гӀуллакх дан деза цара. ХӀунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Ӏийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе.

[3] Цхьаболчара харц хьехамаш дӀасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Ӏийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тӀе ца оьцу цара.

[4] Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хӀумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагӀ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар.

[5] Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна.

[6] Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь.

[7] ХӀунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хӀума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хӀума кху дуьнен чуьра вайга дӀадахьалург ца хилар а.

[8] Юург а, тӀеюхург а вешан хилча, тоам бан беза вай.

[9] Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речӀано лоцу уьш. Оцу хӀуманаша уьш дакъаза а боху, хӀаллак а бо.

[10] Массо а тайпана вочу хӀуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тӀаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дӀабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара.

[11] Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хӀуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь.

[12] Тешарца боьзна болчу дикачу тӀамехь хьуьнарца тӀом бе, хедар доцучу дахаран ял хьайна тӀеэца гӀерта. Цу дахарна Дала хьо тӀекхайкхира, дуккха а тешашна хьалха хьайн хаза тоьшалла ахь дича.

[13] Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хӀуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хӀара тӀедуьллу:

[14] ала хӀума доцуш цӀена кхочушбе хӀара хьехам, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу схьаваллалц.

[15] Ӏийса кху дуьнен чу схьавар шен хан тӀекхаьчча гойтур ду Дала – декъала а, Ша цхьаъ бен воцу Нуьцкъалхо а, паччахьийн Паччахь а, олахойн а Олахо а ву Иза.

[16] И цхьаъ бен вац Ӏожалла тӀейогӀур йоцург. Цхьа а адам тӀекхочийла доцучу нуьрехь Ӏаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин.

[17] Кху заманчохь хьалдолчарна кура ца хилар тӀедилла. Тешаме доцучу церан хьоле сатуьйсучул, Деле сатийса дезарх кхетабе уьш. ХӀунда аьлча Дала дерриге а шортта ло вайна, вай, хаза а хеташ, дахийтархьама.

[18] Хазаниг дар а, дика гӀуллакхаш шортта дар а тӀедилла царна. Комаьрша хила а, шайн хьал кхечаьрца декъа а хьеха царна.

[19] Уьш иштта лелахь, шайна стигалахь бахам гулбийр бу цара. Ткъа и бахам хинйолчу заманахь онда бух хир бу. И бахьана долуш уьш бакъдолчу дахаре кхача тарло.

[20] Ва Тимапи! Дала хьайга Ӏалашдан дӀаделларг ларде. Ӏесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догӀучу хӀуманех а дӀаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду.

[21] Цхьаберш, оцу хьекъална тӀаьхьабовлар бахьана долуш, динан некъах тилабелла. Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.

Векало ПахӀала Тимапига яздина хьалхара кехат — Chapters