Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:25

[1] Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хӀумма а яздан оьшуш дац.

[2] Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цӀеххьана вогӀу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тӀекхочур ду Везачу Элан де.

[3] «ХӀинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цӀеххьана тӀедогӀу лазарш санна, цӀеххьана тӀедогӀур ду церан хӀаллакьхилар а. Уьш кӀелхьара а бевр бац.

[4] Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тӀекхача.

[5] Шу массо а серлонан кӀентий а, дийнан кӀентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кӀентий дац.

[6] Цундела вай дийшина Ӏан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза.

[7] ХӀунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха.

[8] Ткъа вай серлонан кӀентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гӀагӀ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кӀелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гӀем а йина, кхетамехь хила деза.

[9] Вай Дала оьгӀазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайна кӀелхьардовлар далархьама хаьржина ду.

[10] Ӏийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогӀучу хенахь вай дийна я делла делахь а.

[11] Цундела, хӀинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чӀагӀдала гӀо а де.

[12] Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гӀуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар.

[13] Церан болх бахьана долуш уьш тӀехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Ӏелаш.

[14] Кхин а чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гӀийлачарна гӀо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а.

[15] Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гӀорталаш.

[16] Гуттара а самукъане а хилалаш,

[17] даим а доӀанаш деш а хилалаш,

[18] массо а хӀуманна Далла хастам а белаш, хӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела.

[19] Йовш йолу цӀе санна, Делан Са дӀа ма дайталаш.

[20] Делера болу хаамаш аьшнаш ма белаш.

[21] Массо а хӀума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш.

[22] Муьлххачу а зуламах ларлолаш.

[23] Вайн синна паргӀато луш волчу Дала Ша цӀан а дина, массо а агӀор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегӀ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀучу хенахь дуьззина къинойх цӀена латтадойла.

[24] ТӀекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хӀара.

[25] Динан вежарий! ДоӀанаш делаш тхуна тӀера.

[26] Массо а динан вежаршка доггах маршалла ло.

[27] Везачу Элах дуй баарца доьху хӀара кехат массо а динан вежаршна дешар.

[28] Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, маьхза деш долу дика шуьца хуьлда.

Векало ПахӀала тассалникахошка яздина хьалхара кехат — Chapters