Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:42

[1] Динан вежарий, шуна хаьа, тхан шуна тӀедахкар эрна ца хилар.

[2] Ткъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гӀалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гӀиртира.

[3] ХӀунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гӀертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хӀилла дар.

[4] Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш.

[5] ХӀунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх!

[6] Шуна я кхечарна тхаьш ларар я тхо хестор тӀе ца дуьллу оха.

[7] Тхаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш хиларе терра, тхаьш лоруьйтуш дахка йиш яра тхан, делахь а, бераш кхобург шен берашца кӀеда-мерза ма-хиллара, шуна юкъахь тийна Ӏийра тхо.

[8] Иштта тхо шух дӀаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Ӏаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дӀадала лиира тхуна.

[9] ХӀунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогӀу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а.

[10] Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цӀена а, Делан лаамехь а, ала хӀума а ца дуьтуш тхо муха Ӏара.

[11] Шуна хууш ду-кх, шух хӀора а, дас шен бераш санна, лелавора оха.

[12] Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хӀиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама.

[13] Кхин а цхьа бахьана ду, оха гуттара а Далла хастамаш баран. Аша тхоьгара Делан дош тӀеийцира, адамийн дош санна а доцуш, амма Делан дош санна (иза иштта дан а ма ду). Делах тешначу шуна чохь хӀара дош болх беш а ду.

[14] Динан вежарий, шу ЯхӀуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах.

[15] Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса а, пайхамарш а яхӀудхоша байинера. Тхо а дӀалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагӀий хилла царах.

[16] Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кӀелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тӀехбоккху, амма Делан оьгӀазло эххар а тӀекхаьчна царна.

[17] Тхо, динан вежарий, дегнашца вовшах даьхна а доцуш, ткъа вай юьхь-дуьхьал ца хиларна йоццучу ханна вовшахдаьхна дара, цундела кхин а боккхачу деган лаамца шу ган гӀертара тхо.

[18] Цундела тхуна шу долчу дахка лаьара. ПахӀал волу со цкъа а, шозза а гӀоьртира шу долчу ван, амма иблисо тхуна массарна а новкъарло йора.

[19] Ткъа мила ву хӀинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Ӏийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогӀуш, хиндерш?

[20] Шу ду тхан сийлалла а, хазахетар а.

Векало ПахӀала тассалникахошка яздина хьалхара кехат — Chapters