Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:16

[1] Цундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гӀалахь севцира тхо.

[2] Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гӀуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чӀагӀдалийта а, Делах тешаран гӀуллакхна тӀехь шун дегнаш иракарахӀитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла.

[4] Тхаьш шуьца долчу хенахь, вай баланаш хьоьгург хиларх лаьцна оха хьалххе дӀахаийтинера шуьга. Шуна ма-хаъара, и дерриг а шуьца хила а хилира.

[5] Цундела, шун Ӏийсах тешаран гӀуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера.

[6] Ткъа хӀинца Тимапи шу долчуьра схьавеана. Шун тешарх а, безамах а, шуна тхо даим а диканца дагахь латтарх а, тхуна шу санна, шуна а тхо ган лаарх а лаьцна дика хабар деана цо тхоьга.

[7] Ткъа мел баланехь а, халонашкахь а тхаьш делахь а, Везачу Элах шу тешар бахьана долуш, динан вежарий, шух синтем хилла тхуна.

[8] Шу Везачу Элаца чӀагӀделла долу дела, тхо хӀинца ирсе деха.

[9] Шуна тӀера Далла тоъал баркаллаш муха эр дара те оха? Шу бахьана долуш Далла хьалха даккхийдеш ма ду тхо.

[10] Шун юьхь гархьама а, шун тешар кхочушхилийтархьама а, дийнаххьий, буьйсанний доггах доӀанаш дийр ду оха.

[11] Вайн Да волчу Дала Ша а, Вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а некъ боккхийла тхуна шу долчу дахка.

[12] Ткъа тхуна шу дезаре терра, вовшашка а, массо а адамашка а болчу безамах Везачу Эло шун дегнаш дузийла.

[13] Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чӀагӀдархьама. ТӀаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Ӏийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогӀучу хенахь. Амин.

Векало ПахӀала тассалникахошка яздина хьалхара кехат — Chapters