Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:27

[1] ПахӀала а, Салис а, Тимапис а хӀара кехат яздо Тассалник-гӀалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Ӏийсах а тешначийн тобане.

[2] Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.

[3] Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Ӏийсах тешарехь шу чӀагӀлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хӀунда аьлча шуна массарна а юкъахь хӀораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу.

[4] Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх.

[5] Цу дерригено а гойту Делан кхел нийса хилар. Делан олалла бахьана долуш аша хӀинца баланаш ловш болу дела, шу хьакъ долуш хетар ду Цуьнан олалле кхача.

[6] Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо,

[7] ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Ӏийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цӀарца а стигалшкара гучуволучу хенахь.

[8] Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Ӏийсах болу хаза кхаъ тӀе ца эцначарна а дӀадоькхур ду Цо.

[9] ТаӀзар а дина, уьш гуттаренна а хӀаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дӀабаьхна хир бу уьш.

[10] И таӀзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тӀеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Ӏийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела.

[11] Цундела шуна тӀера оха даим доӀанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гӀуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха.

[12] Цу тайпана вайн Веза Эла волчу Ӏийсан цӀе шуьгахула а, ткъа шу Цуьнгахула а гӀарадевр ду. Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долчу диканца хир ду иза.

Векало ПахӀала тассалникахошка яздина шолгӀа кехат — Chapters