[1] Ткъа хӀинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тӀехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар.
[2] Веза Эла волчу Ӏийсагара шайна оха хӀун весеташ делла, шуна хаьа.
[3] Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догӀмаш лардан деза аша, хӀунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дӀакъасто.
[4] Шух хӀоранна а хаа деза, цӀена а, шен сий лардеш а, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегӀ цӀена латто хӀун дан деза.
[5] Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу.
[6] Цхьана а хӀуманна тӀехь шайн вешина хьарам долу гӀуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агӀо лоьхуш ма хила, хӀунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таӀзар до. Шуьга иза дӀахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара.
[7] Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цӀена лелийтархьама хаьржина.
[8] Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу.
[9] Шуна вовшийн деза Дала Ша Ӏамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хӀума дийца оьшуш дац.
[10] ХӀунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чӀагӀдар тӀедуьллу оха шуна.
[11] Шу чӀогӀа гӀерта деза тийна даха. Шайн гӀуллакхаш а бен ма де. Оха шуьга хьалха весеташ ма-дарра, шайн куьйгашца хьанал рицкъа даккха.
[12] Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тӀехь а цхьаннан а гӀо оьшуш а хир дац шу.
[13] Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гӀайгӀанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Ӏа ца лаьа суна.
[14] Вай Ӏийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Ӏийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша.
[15] Везачу Элан дашца боху хӀара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац.
[16] ХӀунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу.
[17] Цул тӀаьхьа вай, далаза диснарш, царах дӀа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТӀаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду.
[18] Иштта, хӀокху дешнех вовшашна синтем а беш Ӏе.