Skip to content
Opens in a new window

[1] Бохам бийриг хьуна дуьхьалгӀаьттина, ва Нунав-гӀала! Ӏалашъе хьайн чӀагӀонаш, ларбе хьайна тӀебогӀу некъ, хьайн гӀодаюкъ ехка, схьагулбе ницкъ.

[2] Веза Эла Якъубан тӀаьхьенан сийлалла меттахӀотто воллу, Исраилан халкъан сийлалла меттахӀоттор ю, бохам бечара церан латта дассийна делахь а, церан кемсийн гаьннаш хӀаллакдина делахь а.

[3] Церан эскархойн турсаш цӀен ду. Церан тӀемалой цӀен духар дуьйхина бу. ЦӀе санна лепаш ду церан гӀудалкхийн эчиг тӀамана кечам бинчу дийнахь, техкаш ю гоьмукъийн хьун.

[4] ГӀудалкхаш урамашкахула дӀасахьаьдда, майданашкахь къевкъа уьш. Царах, цӀарах санна, лепар схьадолу, къега уьш, секхаӀад санна.

[5] Куьйгалхочо шен тӀеман хьаькамаш схьакхойкху, амма церан болар тийсало. ГӀалин пенашна тӀекхача сихбелла уьш, амма хӀинцале а дӀахӀоттийна бу гӀалин ков харцош болу бӀогӀам беттачеран ларйо хӀума.

[6] Хин кевнаш дӀаделлалуш ду, паччахьан цӀа хӀаллакьхуьлуш ду.

[7] Сацам бина бу. Зуда-паччахь ерзина йийсаре дӀаюьгуш ю. ГӀарбашаш, кхокхарчий санна, узарш деш бу, сингаттамца шайн накхош тӀе буйнаш а детташ.

[8] Нунав-гӀала ша мел ю хих буьзна Ӏам санна яра, ткъа хӀинца цуьнан нах бовду. Совцийша! Совцийша! Амма цхьа а юха ца хьожу.

[9] ДӀасадаккха дети, дӀасадаккха деши! Цхьана а езачу пхьегӀан тӀаьхьалонан йист хедаш яц.

[10] Иза талораш дина, яссийна, хӀаллакйина. Дог деша, голаш егайо. Массеран меженаш чохь онда лазар ду. Массеран яххьаш макхъелла.

[11] Мичахь бу хӀинца лоьмийн бен а, лоьмийн кӀорнеш кхобуш йолу меттиг а цхьаммо а ца кхерош лом-нана а, лоьман кӀорнеш а лелла йолу?

[12] КӀорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо, лом-нанна кхача балархьама са дукъадора, шен хьехаш ижух а юзуш, оьрнаш катоьхначух а дузуш.

[13] «ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Хьан гӀудалкхаш Ас кӀур бина ягор ю. Хьан лоьман кӀорнеш туьро юур ю. Хьан хӀонс а дӀайоккхур ю Ас лаьтта тӀера. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш».

Нахьум-пайхамаран тептар — Chapters