Skip to content
Opens in a new window

[1] Бохам тӀебогӀу цӀийх юьзначу гӀалина! Харцдолчух а, схьаяьккхина хӀонсах а юьзна ю иза, талораш дар а соцуш дац цигахь.

[2] Шад еттар а, хьийзачу чкъургийн тӀак а, юм еш йогӀучу говрийн татанаш а, хахкаеллачу гӀудалкхан гӀовгӀа а ю хезаш.

[3] Хахкаелла йогӀу дошлойн говраш, къегаш ду тур, лепа гоьмукъ. Шортта белларш бу, декъийн оьланаш ю. Декъийн йист яц, оцу декъех тийсало.

[4] Иза Нунав-гӀалин лелар бахьана долуш ду. И гӀала, хаза куц долу кхахьпа санна, сийсаза лелара, жинашца тайна хилар тӀехь уггар а говза йолу, шен сийсаза леларца халкъаш духкуш йолу, шен жиналлица тукхамаш духкуш йолу.

[5] «ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тӀе озор ю. Ас халкъашна хьан ерзина ялар, ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дӀагойтур ду.

[6] Ас боьха дерш тӀекхуьйсур ду хьуна, хьох Сан дог мел далар а гойтуш, Ас нах кхардийта дӀахӀоттор ю хьо.

[7] Хьо гича, муьлххачу а стага, хьох дӀа а воьрзуш, эр ду: „Йохийна Нунав-гӀала! Хьенан хир бу цунах лаьцна дагахьбаллам? Мичара карор бу Суна хьан дог оьцурш?“»

[8] Ну-Амин-гӀаланал гӀолехь-м яц хьо, хиша го а бина, Нил-хина юххехь йолчу? Хих цунна чӀагӀо хилла, хи цунна гӀалин пен санна хилла.

[9] Хуша а, Мисар-мохк а хедар боцу цуьнан ницкъ хуьлура. ПӀатӀа а, Лива-мохк а цуьнга гӀо лаца богӀура.

[10] Амма иза кхечанхьа яьккхина, иза а йийсар дина ю. Цуьнан кегий бераш урамаш вовшах мел кхетачохь кегдина, ткъа церан цӀеяхначарах лаьцна кхаж туьйсура, церан хьалдолу нах буржалш тоьхна бу.

[11] Иштта хьо а, Нунав-гӀала, яха а ехна, къайлаер ю. Иштта ахьа а, хьайн мостагӀех дӀа а едда, дӀалечкъийла лоьхур ю.

[12] Хилла стоьмаш долчу инжирийн диттех тера ю хьан ерриге а чӀагӀонаш. Нагахь санна и дитт дегадахь, и стоьмаш кхалла луучунна нийсса бага оьгур бу.

[13] Хьайн эскаре хьажал! Хьан тӀемалой зударех тера хир бу! МостагӀий хьан махка чугӀурту кевнаш шуьйра схьаделладелла лаьттар ду. Церан гӀораш цӀеро дӀакхаьллина хир ду.

[14] Хьайна го лоцучу ханна хи кечде, хьайн чӀагӀонаш чӀагӀъе, хотта юкъа гӀо, поппар хье, кибарчигаш еш йолу кепаш кечъе.

[15] Цигахь цӀеро хӀаллакйийр ю хьо, туьро цоьстур ю хьо. ЦӀазо ялта дӀакхалларе терра, хьо а йиъна дӀайоккхур ю! Къона а, доккха а цӀоз санна, дебаш хила!

[16] Хьан совдегархой стигалара седарчел а алсамбевлла бу. Уьш, къона цӀоз санна, цӀока дӀа а яьккхина, хьалаоьху.

[17] Хьан куьйгалхой доккха цӀоз санна бу. Хьан баьччанаш, шелъелча, пенийн хераллашкахь бенаш деш долчу цӀазан жӀуга санна бу. Амма малх кхетча, уьш, тӀема а йовлий, дӀасайоьлху, тӀаккха цхьанна а ца хаьа уьш стенга яхана.

[18] Ашур-мехкан паччахь, хьан Ӏуналла дийраш самабевр боцу наб еш бу, хьан баьччанаш гуттаренна а бийшина бу. Хьан халкъ лаьмнашкахула дӀасадаьржина. Цхьа а вац иза схьагулдан.

[19] Хьан чов ерзо дарба дац, хьуна йина чевнаш тоян йиш яц. Хьох лаьцна хаам хезнарш тӀараш детташ баккхийбер бу, хӀунда аьлча мила ву хьоьгара къизалла даим тӀекхачаза?!

Нахьум-пайхамаран тептар — Chapters