[1] qac Аqac* лссам бу аса хьегна баланаш Везачу Элан дерачу олаллин куьйгах.
[2] qac Аqac* раваьккхи со Цо Ӏаьржачу бодане, серло йоцчохь со лелийтархьама.
[3] qac Аqac* ьрру куьг Шен дийнахь сарралц суна тӀехь а латтийна, Веза Эла суна дуьхьал ма ваьлла.
[4] qac Бqac* илггал сан чкъор а, дилха а Цо мал а ма дина, сан даьӀахкаш а ца мегачу ма яьхна.
[5] qac Бqac* оккха го бира Цо суна, къаьхьаллица а, халонашца а со дӀа а лаьцна.
[6] qac Бqac* оданечу метте охьахаийна Цо со, тоххарехь белла Ӏохкуш болу нах санна.
[7] qac Вqac* езачу Эло буржалш тоьхна суна, кӀелхьар ца валийта го бина суна.
[8] qac Вqac* езачу Элана дӀа ца хезара сан доӀа, со Шега доьхушший, кхойкхушший волуш.
[9] qac Вqac* езачу Эло тӀулгашца дуьхьало йи сан некъашна, со лела некъаш а галдехи Цо.
[10] qac Гqac* амонца тӀекхета кечъелла ча санна, дӀахӀоьтти Иза суна. КӀело еш долу лом санна, хили Иза суна.
[11] qac Гqac* амдина сан некъаш, цистина со дӀаваьккхи, цхьа а воцург а вина, дӀахӀоттий Цо со.
[12] qac Гqac* Ӏакх дина, дӀахӀоттий Цо со, Шен секхаӀад а тӀехьажий Цо суна.
[13] qac Дqac* ерриг а Шен Ӏад-ботт чуьра пхерчий сан жаннашна тӀетуьйхи Цо.
[14] qac Дqac* ерриг а сан халкъ сох кхаьрдаш дӀахӀоьтти, шаьш денна а лоькхучу иллешна юкъа цара со валий.
[15] qac Дqac* Ӏовшах а вузийна со Везачу Эло, сагал-бецан къаьхьа хи а малийна Цо суна.
[16] qac Еqac* рриг сан цергаш жагӀанца Цо кегйи, лаьттарчу чимлахь Цо со верриг а бехви.
[17] qac Еqac* ли сан даг чуьра маршо а дӀа. Дицдели суна самукъадалар муха хуьлу а.
[18] «qac Еqac* рриг а Везачу Элах йолу дегайовхо дӀаели сан, берриг а ницкъ дӀабели сан», – элира ас тӀаккха.
[19] qac Жqac* ирга хетачу стиман ӀаӀар а, сагал-бецан къаьхьалла а санна, ю ас сайн баланех а, ваьлла леларх а йо ойланаш.
[20] qac Жqac* олам-яӀ, мел дика дагахь лаьтта суна иза, ма доьхна ду-кха сан дог а хӀинца.
[21] qac Жqac* им-жимма делахь а, юхадоьрзу сан сатийсар, суна иза дагадеача:
[22] qac Зqac* аманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тӀе ца кхаьчна, ткъа Цуьнан къинхетамаллин гӀуллакхаш чекх а ца девлла.
[23] qac Зqac* овкх-яӀ, хӀора Ӏуьйранна карладуьйлу уьш, Хьан тешаме хилар а мел кӀоргге ду!
[24] qac Зqac* ийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду, цундела Цунах а тешна со Ӏийр ву!»
[25] qac Иqac* штта дика ву Веза Эла, Шех а тешна, Ӏаш болчарна! Дика ву Веза Эла Ша лоьхуш болчарна!
[26] qac Иqac* штта дика ду собарца Везачу Эле ладегӀар, гӀолехь ду Цо кӀелхьардахаре хьежар.
[27] qac Иqac* штта, гӀолехь ду стагана ша къона волуш, собаран дукъ лело иза Ӏемича.
[28] qac Кqac* ъаьхьачу баланийн мохь Везачу Эло шена тӀе биллина дела, тап-аьлла, тийна, ша волччохь Ӏан веза иза.
[29] qac Кqac* хочуьйтуш шен юьхь лаьтта, охьатеӀийла иза Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча догдохийла кхин а хила там бу.
[30] qac Кqac* хечо шена тоьхча, шен важа бесни а схьаерзайойла цо. Шега вон дош аьлча, собарх вузийла иза.
[31] qac Лqac* арам а беш, Хьалдолчу Эло гуттаренна а вуьтур вац иза.
[32] qac Лqac* ан хала болу бала Ша тӀебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо, Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина.
[33] qac Лqac* аа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кӀенташна таӀзар а, халахетар а.
[34] qac Мqac* а хаьа-кх Цунна когаш кӀел хьоьший кху лаьттара массо а тутмакх.
[35] qac Мqac* а го-кх Веза Воккхачунна, Шена хьалха адаман бакъонаш ларъеш ца хилча.
[36] qac Мqac* а го-кх Хьалдолчу Элана, адамна кхел нийса еш ца хилча.
[37] qac Нqac* агахь санна Хьалдолчу Элана хила лиъча бен, нахана лиънарг кхочуш хир дац.
[38] qac Нqac* ийсса Веза Воккхачо аьлча а бен, хуьлий-ткъа бохам балар я беркат хилар?
[39] qac Нqac* агахь санна ша хӀинца а вехаш хилча, къинош бахьанехь шена дечу таӀзарна латкъамаш бан ца беза стага.
[40] qac Оqac* цу ваьш лелачу некъийн тидам а бина, Везачу Элехьа доьрзийла вай, уьш талла а теллина.
[41] qac Оqac* цу стигалшкахь волчу вайн Деле хьалаойийла вай вешан дегнаш а, куьйгаш а.
[42] qac Оqac* ццул дуьхьал а девлла, Хьох дӀакъаьстира тхо. Ахьа, Веза Эла, тхуна геч а ца дира.
[43] qac Пqac* аргӀат тхуна тӀаьхьа а ваьлла, Хьо оьгӀазвахча, тхох къа а ца хеташ, дайира Ахь тхо.
[44] qac Пqac* ардо санна йолчу цу мархина юкъахь дӀахьулвелира Хьо, тхан доӀанаш Хьайна тӀе ца кхачийтархьама.
[45] qac Пqac* ачхьалкхашна а, массо къаьмнашна а юкъахь нехаш санна дина, дӀахӀиттий Ахь тхо.
[46] qac Рqac* еза шаьш хиларна, мостагӀий вайх кхаьрдаш бу, вайн массо а мостагӀий вайна кхиссарш еш бу.
[47] qac Рqac* агӀ кхечи вайн а, къаьхьа къемат а, оьрнаш а, дакъазадовлар а, дохор а хили вайн дакъа.
[48] qac Рqac* оггӀана хин Ӏовраш йоуьйту сан бӀаьргаша, сан халкъ хӀаллакьхилар бахьана долуш.
[49] qac Сqac* ан бӀаьргаш ца совцу доьлхучуьра хӀинца, бӀаьрхиш сан охьаоьху, ца совцуш, хаддаза,
[50] qac сqac* тигаларчу Везачу Элана, охьа а хьаьжна, вайн хьал дӀагаллалц.
[51] qac Сqac* ан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш, сан гӀаларчу йоӀаршна гӀайгӀанехь ву со.
[52] qac Тqac* Ӏаккха, олхазар лоцуш санна, массо агӀор хӀуъа а дина, со схьалаца гӀиртира сан мостагӀий, цхьа а бахьана доцуш.
[53] qac Тqac* утмакх санна, со ор чу а кхоьссина, дийна волчу суна тӀе тӀулгаш кхиссина.
[54] qac Тqac* Ӏаккха сан коьрте кхаччалц хиш хьаладевлча, ас элира: «Со хӀаллакьхили».
[55] qac Уqac* р-атталла цу кӀоргачу ор чуьра хьала а Хьан цӀе ас ма йохура, сан Веза Эла!
[56] «qac Уqac* зарш ас дарна, даккхий синош дахарна ма къовлахь Хьайн лерг дӀа!» – аьлла, ас орца даьккхича, сан аз Хьуна хезира дӀа.
[57] qac Уqac* ьйр Хьоьца лоьхуш, со Хьайга кхайкхича, Ахь, суна тӀе а хуьлуш: «Ма кхера!» – элира.
[58] qac Хqac* ьалдолу ва Эла, сох даьлларг къастийнарг Хьо ма ву, сан дахар а паргӀатоне даьккхинарг Хьо ма ву.
[59] qac Хqac* ьуна гина, Веза Эла, суна дина вон. Ахь-Айхьа ехьа сан гӀуллакхан кхел.
[60] qac Хqac* ьуна го, Веза Эла, церан берриг а бекхамаш. Церан берриг дагалацамаш суна дуьхьал бу.
[61] qac Цqac* еран ерриг ойланаш суна дуьхьалъевлла, Хьуна хеза-кх, Веза Эла, цара етта баганаш.
[62] qac Цqac* ара хӀора денна суна дуьхьалдаьхна хӀилланаш го Хьуна, сан Веза Эла. Суна дуьхьалбевллачеран къамелаш а хеза-кх Хьуна, сан Веза Эла.
[63] qac Цqac* ара, хьажахьа, Веза Эла, шаьш хевшинчохь, гӀевттинчохь сох белам ма бо.
[64] qac Ӏqac* аббалц Ахь бекхам бехьа царна, ва Веза Эла, цара лелийначу гӀуллакхашка хьаьжжина.
[65] qac Ӏqac* аьржа дог царна чу Ахь диллахьа, Хьан неӀалт а хуьлийла царна тӀехь.
[66] qac Ӏqac* анаяй царна тӀе Хьайн оьгӀазалла, царна Хьо тӀаьхьавалахьа, Везачу Элан стигалшна кӀелхьара хӀаллак а бай, уьш дӀабахахьа!