[1] qac Аqac* нгали санна долу деши а ма кхоьлина ду-кх, и тоьлла долу деши а ма хийцаделла-кх. Урамашкахула маьӀ-маьӀӀехь дӀасакхийсина ду-кх Делан цӀийнан деза тӀулгаш а.
[2] qac Бqac* еза болу Цийонан кӀентий, цӀеначу дешин мехах берш, кхийрачу пхьегӀийн меха а бина, куьпчичо бинарш санна ма лору.
[3] qac Вqac* уно къизачу чангӀалкхо а накха ло шен кӀорнеш юзорхьама, ткъа сан халкъана юкъара наной къиза хилла дӀахӀиттина, яьссачу аренгахь шен хӀоаш дӀатосу олхазар санна.
[4] qac Гqac* о хӀинца декхаш долчу берийн меттанаш хьогаллина багара стигалх летта хилар. Кегийчу бераша а бепиг доьху, амма цхьаммо а ца ло царна иза.
[5] qac Дqac* ерстинчу женах шаьш дузош хилларш хӀинца-м мацаллех урамашкахь леш бу. Хьалха дезачу кӀадинах йина бедарш лелийнарш хӀинца-м нехаш кегош лелаш бу.
[6] qac Еqac* рриг Седам-гӀалин къиношна динчу таӀзарал а тӀехдаьлла Везачу Эло сан халкъан йоӀарша хьерчийначу къиношна дина таӀзар. Иза-м цу сохьта хӀаллакйина дӀаяьккхира, ткъа адамийн куьйгаш цунах хьакха а ца деллера.
[7] qac Зqac* аманашкахь къобалбина цуьнан элий лайл а цӀена, шурел а кӀайн бара. Церан догӀмаш а ма дара цӀарула-цӀечу басахь. Церан куц а ма дара жовхӀарх тера.
[8] qac Жqac* олам-яӀ, хӀинца-м кӀоранал а Ӏаьржа ю церан яххьаш. Урамашкахь цхьанна а бовза а ца бевза уьш. Церан дегӀан чкъор а ма ду даьӀахкех а летта, дечиг санна, дакъа а делла.
[9] qac Иqac* штта, тур тоьхна байинарш ирсе бу мацалло байиначарал. ХӀорш меллаша леш ма бу, ялтин кхачам ца хиларна.
[10] qac Кqac* Ӏеда дегнаш долуш хилла болчу зударийн куьйгаша а шайн бераш кхехкадора, шайна юучунна уьш хилийта, сан халкъана тӀе бохам баийтича.
[11] qac Лqac* атийра Везачу Эло Цийонехь цӀе, иза бухара дуьйна яга а еш. ОьгӀазвахара Веза Эла, Шен дералла тӀехьажийра Цо Цийонна тӀе.
[12] qac Мqac* ассо а адамаш, кху дуьнен чохь дехаш долу, лаьттара паччахьаш а тешаш бацара, Ярушалайман кевнашкахула мостагӀа чекхвер ву аьлча.
[13] qac Нqac* ийсо лелочеран цӀий Ӏанош болчу цуьнан пайхамарша мел летийна къинош, цуьнан динан дайша лелош йолу харцонаш бахьана долуш и дерриг а хилира.
[14] qac Оqac* цу урамашкахула, бӀаьрзенаш санна, лелаш бара пайхамарш а, динан дай а. Ур-атталла церан бедарех хьакхавала а ваьхьар воцуш, цӀий дара царна тӀехь.
[15] qac Пqac* аргӀат мохь хьоькхура царна тӀе: «ДӀасахила, Далла хьалха бехделларш! Тхох ма хьакхало!» – бохуш. ТӀаккха уьш, боха а бухий, дӀасабовлура. Ткъа наха шайна юкъахь олура: «Уьш кхин хир бац вайна юкъахь».
[16] qac Рqac* еза воцуш, Веза Эла цаьргахьара дӀавирзинера. Цо уьш массанхьа а дӀасакхиссинера. Наха шайн динан дайн кхин ларам ца бира, шайн къаношка церан къинхетам ца хилира.
[17] qac Сqac* ирла бӀаьргаш гӀелделла-кх тхан, гӀо кхачаре эрна ла а дегӀна. Тхо кӀелхьара ца дахалуш долчу халкъе ха дечу бӀов тӀера тхо эрна охьахьийжира.
[18] qac Тqac* къа мостагӀаша-м тхан лараш толлура, тхо тхешан урамашкахула ца лелийтархьама. ТӀееа тхан тӀаьххьара зама, тхан тӀаьххьара денош а тӀедаьхки, тӀекхечи тхан тӀаьххьара сахьт а.
[19] qac Уqac* ьш, тхуна тӀаьхьабевлларш, стигаларчу аьрзунел а чехка бара. Лаьмнашкахула тхуна уьш тӀаьхьабевлира, яьссачу аренгахь тхуна цара кӀело а йира.
[20] «qac Хqac* алкъашна юкъахь дехар ду вай цуьнан ӀиндагӀехь» – оха аьлла верг, тхан дахаран са долу, Везачу Эло къобалвинарг, мостагӀийн гуро а лаьцна, ор чу хаийна.
[21] qac Цqac* хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна ӀуцӀа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ! Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тӀекхочур буйла, тӀаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла.
[22] qac Ӏqac* есаллина дина таӀзар чекхдели хьан, Цийонан йоӀ, кхидӀа йийсарехь Цо хьо юьтур яц. Ткъа ахьа харцонаш ярна, Цо дийр ду таӀзар, Эдоман йоӀ, Цо гучудохур ду ахьа летош долу къинош.