Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:39

[1] Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта.

[2] Дала леррина Къобалвинчо тӀедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гӀо де.

[3] Нагахь цхьаннан, ша баккъалла а волчул, ша-шех лакхара ойла елахь, цо ша-шен Ӏехаво.

[4] ХӀораммо а дечу гӀуллакхашца ша-шен зе, тӀаккха цуьнан дозалла дан а йиш хир ю, ша кхечаьрца а ца вустуш.

[5] ХӀора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла.

[6] Ткъа Делан дош тӀеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга.

[7] Шу Ӏеха ма лолаш! Дела-м Ӏехалур вац, хӀунда аьлча адамо ша дӀадийнарг хьокхур а ду.

[8] Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хӀу тосучо хӀаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хӀу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду.

[9] Дика дан кӀад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тӀейогӀур ю и хан, ваьш динчу гӀуллакхийн кхиамаш вайна карош.

[10] Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.

[11] Гой шуна мел даккхийчу элпашца яздо ас шуьга сайн куьйгаца?!

[12] Шу сунтдан тӀетеӀош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта.

[13] Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тӀаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама.

[14] Суна-м ца лаьа цхьана а хӀуманна тӀехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан, жӀарах дӀатохаран тӀехь бен! И жӀара бахьана долуш хӀара дуьне суна дӀадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дӀаваьллера.

[15] Я сунтвар а, я сунт ца вар а хӀумма а доцу хӀума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург!

[16] И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла.

[17] ТӀаьххьара а: цхьаммо а бала ма бойла суна, хӀунда аьлча Ӏийсан чевнаш аса сайн дегӀаца лелош ю.

[18] Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, дина маьхза долу дика хуьлийла шун синошца, сан вежарий. Амин.

Векало ПахӀала галатахошка яздина кехат — Chapters