[1] Дала леррина Къобалвинчо вай паргӀатонехь дахийтархьама елира вайна паргӀато. Цундела чӀагӀлой Ӏе шайн паргӀатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта.
[2] Аса, ПахӀала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна.
[3] Аса кхин а цхьа тоьшалла до хӀора ша сунтвойтуш волчуьнга, цо товрат-хьехамаш тӀера дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан деза аьлла.
[4] И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дӀа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла.
[5] Ткъа тхо сатуьйсуш ду тхешан тешарехула Далла хьалха тхаьш бакъдаре. Тхо цунах тешна а ду, Цуьнан Сино тхайна чохь дийриг бахьана долуш.
[6] ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца тхо хӀинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьӀна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьӀна долу хӀума цхьаъ ду: безаман гӀуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар.
[7] Шу хаза догӀуш дара. Ткъа хьан йира те шуна бакъдолчунна тӀаьхьахӀитта новкъарло?
[8] Шу бакъдолчунна тӀера дӀадохуш болу кхетам шуьга Шена тӀекхойкхучу Делера бац.
[9] «КӀеззигчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо».
[10] Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а.
[11] Ткъа, динан вежарий, нагахь аса хӀинца а сунтварах лаьцна кхайкхамаш беш белахьара, со хьийзо тӀаьхьабевр барий суна? Иза иштта делахьара, сан жӀарах лаьцна болчу хьехамаша цхьанна а вас йийр яцара!
[12] Шу гӀалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Ӏаш, баьӀна а хилахьара!
[13] Ткъа шу, динан вежарий, Дала паргӀатоне кхайкхина ду. Амма ма битийша меттиг и паргӀато зуламна хилийта, шайн хьарам лаамаш кхочушбарца. Дейша гӀуллакхаш вовшашка безам болуш.
[14] ХӀунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьӀна хӀокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».
[15] Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хӀаллак ца хилийта!
[16] Цундела боху ас шуьга, Делан Сино шаьш лела ма-дарра лела, тӀаккха шайн хьарам лаамаш кхочушбийр бац аша.
[17] Вайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама.
[18] Ткъа Делан Сино шу лелош делахь, шу товрат-хьехамийн долахь дац.
[19] Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хӀума дар,
[20] цӀушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагӀалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгӀазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар,
[21] цабезам хилар, малар тӀехдаккхар, лар тӀера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хӀуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хӀинца а боху аса шуьга, и гӀуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац.
[22] Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хӀара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар,
[23] эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац.
[24] Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жӀарах дӀатоьхна.
[25] Вайн дахар Делан Синца хилча, тӀаккха Делан Сино ма-бохху лела вай.
[26] Ца дер вай дозаллаш. Ца хир вай вовшашна оьгӀазъоьхуш а, вовшашка хьагӀ йолуш а.