[1] Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохаран сурт ма-хӀуттура шун бӀаьргашна дуьхьал!
[2] Цхьа хӀума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза?
[3] Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал?
[4] Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх!
[5] Шен Са а, шуна юкъахь дина Ӏаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?!
[6] Делан Йозанаш тӀехь ИбрахӀимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира».
[7] Иштта хаалаш, билггала ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш Делах тешарш бу.
[8] Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахӀиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла.
[9] Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахӀимца а декъала хуьлу.
[10] Ткъа товрат-хьехамашна тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неӀалтана кӀел бу. ХӀунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тӀехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», – аьлла.
[11] Ткъа товрат-хьехамашна тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хӀунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву».
[12] Муса-пайхамаран товрат тӀехь долчу бакъахьарачу гӀуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тӀехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
[13] Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кӀелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неӀалтах, и неӀалт Шена тӀе а лаьцна. ХӀунда аьлча Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хӀоранна а тӀехь неӀалт ду», – аьлла.
[14] И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахӀиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чӀагӀо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а.
[15] Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чӀагӀбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хӀумма а цунна я тӀетоха, я иза бохо а.
[16] Ткъа Дала, чӀагӀо еш, элира Ша ИбрахӀимна а, цуьнан тӀаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тӀаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тӀаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг.
[17] Ас бохург хӀара ду: диъ бӀе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чӀагӀо дӀа а ца яьккхира Дала.
[18] Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чӀагӀо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахӀимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чӀагӀо ярна делла.
[19] ТӀаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тӀетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахӀиман тӀаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тӀаьхьенах волчунна Дала чӀагӀо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гӀоьнца.
[20] Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву!
[21] ТӀаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чӀагӀонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХӀунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара.
[22] Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Ӏалашо яра Дала чӀагӀо еш лур ду аьлларг Ӏийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш.
[23] Ткъа и тешаран зама тӀекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц.
[24] Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тӀе хӀоттийна волу тӀехьожург санна, дара товрат, тӀаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама.
[25] Ткъа хӀинца, и тешар деана дӀахӀоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин.
[26] Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца шу массо а Делан кӀентий ду.
[27] ХӀинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Ӏийсан бедарш тӀеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша.
[28] Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргӀатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.
[29] Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тӀаккха шу ИбрахӀиман тӀаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чӀагӀо еш, лур ду аьлларг.