Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:40

[1] Цул тӀаьхьа дейтта шо даьлча, со юха а Бар-Наабаца, сайца Тита а вуьгуш, Ярушалайме вахара.

[2] Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТӀаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дӀабовзийтира, айса хьалха дина а, хӀинца до а гӀуллакх эрна ца хилар хаархьама.

[3] Ур-атталла соьца волу Тита а, грекахо воллушехь, сунтван ца дийзира.

[4] Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХӀунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хиларна тхан йолчу паргӀатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама.

[5] Оха цара бохург ца дира, хазачу кхоан тӀехь долу бакъдерг шуьца хилийтархьама.

[6] Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хӀунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хӀумма а тӀе ца туьйхира.

[7] Цара мелхо а чӀагӀдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тӀедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тӀедилларе терра.

[8] ХӀунда аьлча Кипех жуьгтийн халкъана векал Винчо, сох а вина кхечу къаьмнашна векал.

[9] Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Ӏийсах тешаш болчу наха шайн гӀортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагӀаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла.

[10] Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чӀогӀа гӀертара.

[11] Ткъа Кипа Антиох-гӀала веанчу хенахь, иза суна юьхь-дуьхьал волуш, со дуьхьалвелира цунна, и бехке волу дела.

[12] ХӀунда аьлча, Якъуб волчуьра цхьаболу нах схьабахкале, Кипас яа хӀума йоура кхечу къомах сунтбаза болчу нахаца цхьаьна. Ткъа Якъуб волчуьра и сунтбина болу нах баьхкича, царах ийзалуш, иза юьстахвуьйлура.

[13] Цуьнца цхьаьна кхиболу жуьгтий а буьйлабелира моттаргӀанаш ян. Цундела ур-атталла Бар-Нааба а дӀакхийтира моттаргӀанаш лелочарех.

[14] Амма, уьш хазачу кхоан тӀера бакъдолчуьнца нийсса лелаш ца хилар сайна гича, массарна хьалха аса Кипе элира: «Нагахь хьо, жуьгти воллушехь, жуьгтий санна а ца лелаш, кхечу къаьмнех берш санна лелча, ахьа муха гӀертор бу уьш жуьгтийн Ӏадаташ тӀе?

[15] Вайшиъ дуьнен чуволуш дуьйна а жуьгти ву. Шайна тӀехь къинош долчу къаьмнашна юкъа ца вогӀу вайшиъ.

[16] Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешнера, товрат-хьехамаш тӀера гӀуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХӀунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тӀера бакъахьара гӀуллакхаш кхочушдарца кӀелхьардер дац.

[17] Нагахь, Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларна, Далла хьалха ваьш бакъдар лоьххушехь вайшиъ а къинош летораш санна лелча, Дала леррина Къобалвинарг вуй те вайга къилахь долу гӀуллакхаш дойтуш верг? Дера вац!

[18] ХӀунда аьлча, цкъа хӀаллакдинарг юха меттахӀоттош хилча, аса товрат-хьехамашна дуьхьал а ваьлла, со зуламхо хилар гойту.

[19] Товрат-хьехамаша со хӀаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа вхархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жӀарах дӀатоьхча санна, велла.

[20] Бакъдерг аьлча хӀинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дӀавелла волчу Делан КӀантах тешаш со вехаш хилар.

[21] Сайна Дала маьхза делла дика дӀа ца тотту ас. ХӀунда аьлча бакъвар товрат-хьехамо кхочушдеш делахьара, Дала леррина Къобалвинарг валар эрна хир дара!»

Векало ПахӀала галатахошка яздина кехат — Chapters