[1] Динан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен тӀе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна:
[2] шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогӀу де тӀекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тӀехь дӀаязбина бу аьлла.
[3] Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча адам, Ӏеса а даьлла, Далла дуьхьал эргӀаддаьлча а, хӀаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тӀедогӀур доцу дела.
[4] «Дела» аьлла, цӀе йоккхучу а, адамаша Ӏибадат дечу а массо а хӀуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цӀа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза.
[5] Дага ца догӀу шуна, шу долчохь со волуш, аса шайга и дийцар?
[6] Ткъа хӀинца шуна хаьа, иза сецош дерг хӀун ду. И бахьана долуш шен хеннахь бен иза гучувоккхур вац.
[7] Къайлаха долу зулам хӀинцале а къахьоьгуш ду. Амма хӀинца а иза сецош волчо кхин дӀа а сецор ву, новкъара иза Дала дӀаваккхалц.
[8] ТӀаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Ӏийсас Шен багарчу Ӏаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хӀаллак а вийр ву.
[9] Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Ӏаламаташ а гойтуш лелар ву иза.
[10] Шаьш кӀелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тӀе ца эцарна а, иза ца дезарна а хӀаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза.
[11] Цундела Дала чӀогӀа Ӏехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш.
[12] ТӀаккха билггал бакъдолчух а ца тешна, харцдерг дезначарна Дала кхел йийр ю.
[13] Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кӀелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тӀера Деле даим баркаллаш баха деза оха.
[14] Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама.
[15] Цундела, динан вежарий, чӀагӀлой Ӏелаш. Хьалха а оха шуна бина болу а, тхан кехат тӀехь язбина болу а хьехамаш лар а беш, даха.
[16] Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахӀиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна.
[17] Муьлххачу а аша олуш долчунна тӀехь а, муьлхха а аша деш долчу дикачу гӀуллакхашна тӀехь а, иракара а хӀиттош, Дала чӀагӀдойла шу.