Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:34

[1] Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтӀахь хила безар а, муьлхха а дика гӀуллакх дан шаьш кийча хила безар а.

[2] Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кӀеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш.

[3] ХӀунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтӀахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегӀана там лехаран а леш а хилла, оьгӀазаллах а, дераллах а, хьогӀах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай.

[4] Вай КӀелхьардохург волчу вайн Делан дика а, адамашка болу Цуьнан безам а гучубаьлча,

[5] вай дина долу бакъахьара гӀуллакхаш бахьанехь а доцуш, ткъа Шен къинхетамца кӀелхьардаьхна вай. Шен Дезачу Синехула Цо вай цӀан а дина, юха а кхоьллина, карла а даьхна.

[6] Ша леррина къобалвина волчу, вайн КӀелхьардохург волчу Ӏийсагахула Дала шортонца тоьхна вайна Шен Синан Ӏаь.

[7] Шен маьхза долчу диканца Цо вай бакъдина, Ша волчохь хедар доцучу дахаре кхача сатуьйсучех вай хилийтархьама.

[8] И дош бакъ ду. Цундела суна а лаьа оцу тӀехь хьо латта, Делах тешнарш дика гӀуллакхаш дарна тӀехь кхиамаш баха гӀертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду.

[9] Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду.

[10] Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Ӏадвита,

[11] и стаг, нийсачу новкъара гал а ваьлла, къинош а летош, ша-шена кхел еш лелаш хилар хьайна хаьа дела.

[12] Артем я ТихӀак аса хьайна тӀеваийтича, со волчу Никупола-гӀала схьаван хьажа сихо елахь, хӀунда аьлча цигахь Ӏа даккха сацам бина аса.

[13] Ӏедал девзаш волу Зину а, Апа-Леса а дика леррина новкъа ваккхалахь. Царна оьшучу цхьанна а хӀуманна тӀехь ледарло ма елахь.

[14] Вайнаш а Ӏама беза шайн хан дикачу гӀуллакхашна яйа, дахарна оьшург тоъал хилийтархьама а, царах пайденна боцурш ца хилийтархьама а.

[15] Соьца болчара массара а хьоьга маршаллаш доуьйту. Тхо санна Делах а тешаш, тхо дезачаьрга массаьрга а маршаллаш ло тхоьгара. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.

Векало ПахӀала Тите яздина кехат — Chapters