Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:18

[1] Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догӀуш дерг хьеха.

[2] Сема а, хьанал а, собаре хилар а, ткъа шайн тешарехь а, безамехь а, собар хиларехь а уьш цӀена хила безар а хьеха баккхийчу нахана.

[3] Иштта баккхий зударий а кхетабе, цӀена а, лараме а лелаш, мотт а ца бетташ, маларан дола а ца боьлхуш, кхечарна диканиг а хьоьхуш, уьш хила безарх.

[4] Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар.

[5] Собаре а, цӀена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтӀахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама.

[6] Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила

[7] массо а хӀуманна тӀехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцӀена а, оьзда а хила.

[8] Хьайн хьехам цӀена хилийта, тӀехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагӀа, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хӀума доцуш витархьама.

[9] Лешна а хьеха шайн олахошна муьтӀахь хила безарх а, цара олахошна массо а хӀуманна тӀехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна.

[10] Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КӀелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама.

[11] ХӀунда аьлча массо а адамашна кӀелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира.

[12] Ӏесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дӀа а тесна, собаре а, догцӀена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло.

[13] Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгӀуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а сийлалла схьадар.

[14] Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.

[15] ХӀара хьеха дезарш а хьеха, хьайн мел долчу олаллица иракара а хӀиттабе уьш, шен-шен метта а хӀиттош, дӀанисбе, цхьа а хьох ца вешаш ца хилийта.

Векало ПахӀала Тите яздина кехат — Chapters