[1] ГӀала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоӀаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хӀеттахь тӀехволуш. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира.
[2] Кхайкхина, къанойх итт стаг а схьавалийра БоӀаза. Шайга охьаховшар дехча, уьш охьахевшира.
[3] ТӀаккха оцу гергарчу стаге элира БоӀаза: «Муаби-махкара цӀа йирзинчу НуӀмата вайн вешех Элималиках дисна долу доьзалан латта духкуш ду.
[4] Хьоьга иза дӀахазийта сацам бина ас. ХӀара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дӀаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тӀаьхьа эца йиш ерг со ву». Вукхо ша оьцу элира.
[5] ТӀаккха БоӀаза дӀахаийтира цуьнга: «Нагахь НуӀматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама».
[6] «Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тӀеэцахь иза», – элира гергарчо.
[7] Цу заманчохь Исраил-махкахь иштта Ӏедал хилла: дакъа оьцуш, я хуьйцуш, я бина мах чӀагӀбеш, цхьаммо шен мача, схьа а яьккхина, кхечуьнга луш. И саннарг дар тоьшалла чӀагӀдар санна хилла Исраил-махкахь.
[8] Оцу гергарчу стага, шен когара мача схьа а яьккхина, элира: «И зуда а, и дакъа а хьайна схьаэца».
[9] ТӀаккха БоӀаза къаношка а, массо а адамашка а элира: «ХӀинца шу теш ду Элималикан а, Халин а, Махьланан а долахь мел хилла долу хӀума ас НуӀматера схьаэцар.
[10] Иштта шу тахана теш а долуш, веллачун дакъа цуьнан цӀартӀехь дитархьама а, цуьнан цӀе вежаршна юкъара ца яйархьама а муабахо йолу, Махьланах йисина йолу зуда Рути ас сайн дола йоккху».
[11] ТӀаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх. Везачу Эло декъала йойла Рахьал а, Леа а санна, хьан керта йогӀуш йолу и зуда. Цара шиммо а дебийтира Исраилан халкъ. Беркат догӀийла хьан цӀенна тӀе Эпратехь. ЦӀе йоккхуш стаг хуьлийла хьо Байтлахамехь.
[12] Везачу Эло хьуна цу къоначу зудчуьнгара лун йолу тӀаьхье бахьана долуш, Тамарас ЯхӀудана винчу Парасан доьзал санна, хуьлийла хьан доьзал».
[13] БоӀаза и шена йига а йигира, цунах цунна зуда а хилира. И шиъ цхьанакхетча, Везачу Эло иза берах а хилийтира, цо кӀант а вира.
[14] Зударша НуӀмате бохура: «Хастам бу Везачу Элана! Цо ца йити хьо, йоккха хилча, Ӏалашъян а, гӀо дан а стаг воцуш. ЦӀе йоккхуш стаг хуьлийла цунах Исраил-махкахь. Хьан дог доккха дийр ду хӀокху кӀантах, ворхӀ кӀантал а тоьлуш йолчу, хьо езаш а йолчу, хьан несо и вина дела».
[16] И бер, схьа а оьций, марахь леладора НуӀмата, цунна баба а хилла, кхебира цо иза.
[17] Лулахоша Ӏабади аьлла, цӀе а тиллинера цунна. «НуӀматан кӀант ву-кх хӀинца», – олура цара. И Ӏабади Дауд-паччахьан да волчу Юшаян да вара.
[18] ХӀара ю Парасан тӀаьхье: Парасан хилира кӀант Хьацрани.
[19] Хьацранин хилира кӀант Рам. Раман хилира кӀант Ӏамминадаб.
[20] Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон. Нахьшонан хилира кӀант Салман.
[21] Салманан хилира кӀант БоӀаз. БоӀазан хилира кӀант Ӏабади.
[22] Ӏабадин хилира кӀант Юшай. Юшаян хилира кӀант Дауд.