Skip to content
Opens in a new window

[1] Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманчохь лаьтта тӀехь мацалла хӀоьттинера. ТӀаккха цхьа стаг ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара шен зудчуьнца а, шина кӀантаца а Муаби-аренашка хан яккха вахара.

[2] Оцу стеган цӀе Элималик яра, цуьнан зудчун цӀе НуӀмат яра, ткъа шина кӀентан цӀераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш.

[3] НуӀматан цӀийнда Элималик дӀакхелхира, ткъа иза шен шина кӀантаца йисира.

[4] Цу шина кӀанта шаьшшинна Муаби-махкара зударий балийра: цхьаьннан цӀе Ӏарипат яра, ткъа вукхуьнан цӀе Рути яра. Цигахь иттех шарахь бехаш Ӏийра уьш.

[5] Цул тӀаьхьа цуьнан ший а кӀант, Махьлан а, Халин а, дӀакхелхира. ТӀаккха шен шина кӀантах а, цӀийндех а яьлла, и зуда ша йисира.

[6] Муаби-махкахь йолуш НуӀматана хезира, Далла, Шен халкъана дика дан а лиъна, цунна рицкъа делла аьлла. Шена и хезча, НуӀмат Муаби-махкара шен цӀа юхаерза кечъелира.

[7] Шен шина несаца ша яьхначу меттера араелира иза. ЯхӀуд-махка шаьш юхадоьрзучу хенахь

[8] шен шина несе НуӀмата элира: «Яло, юхаерза ший а шайн ненан цӀа. Везачу Эло диканиг дойла шуна, аша а шайн беллачарна а, суна а дина дика санна!

[9] Везачу Эло хӀоранна а хӀусам нисйойла шуна шайн цӀийндайшца ирсе даха!» Царна шинна а барт баьккхира НуӀмата. Ткъа уьш шийлачу маьхьарца белха хӀиттира.

[10] ТӀаккха цара элира: «ХӀан-хӀа, тхо хьоьца хьан махка а доьрзур ду, хьан халкъана тӀе а гӀур ду».

[11] Амма НуӀмата цаьрга элира: «Юхаерза, сан ши йоӀ! ХӀун дийр ду аш шиммо соьца еана? Хир буй-те шуна кхин а сан кийрара бевлла кӀентий, шуна майранаш хила?

[12] Юхаерза, дӀагӀо, сан ши йоӀ! Со къанъелла хӀинца маре яха. Нагахь санна хилча а сан тешам, ас тховссехь майрачуьнца а Ӏийна, кӀентий бича а,

[13] хир юй-те шун йиш уьш кхиаре хьежа? Йиш юй-те шун, маре а ца йоьдуш, хан ялийта? Яц, сан йоӀарий! Со чӀогӀа гӀайгӀанехь ю шуна. Везачу Эло шен кхел йина суна».

[14] Ши нус маьхьарца юха а елха хӀоьттира. ТӀаккха Ӏарипат, шен марнанна барт а баьккхина, цунах дӀакъаьстира, ткъа Рути шен марненаца йисира.

[15] НуӀмата Рутига элира: «Хьажал, хьан кхин юхайирзи шен нахана тӀе а, шен деланашна тӀе а. Хьайн кхинна тӀаьххье дӀагӀо хьо а».

[16] Амма Рутис жоп делира: «Ма гӀертахьа со нуьцкъах хьайх къасто. Хьо йоьдучу со а гӀур ю. Хьо ехар йоллучохь со а ехар ю. Хьан халкъ а сан халкъ хир ду. Хьан Дела а сан Дела хир ву.

[17] Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дӀа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таӀзар дойла суна, Ӏожалло бен со хьох къастор яц».

[18] Цо йина чӀагӀо шена гича, НуӀмат и бертаяло гӀертачуьра сецира.

[19] И шиъ Байтлахаме дӀакхаччалц дӀаихира. ХӀорш Байтлахаме баьхкича, массо а адам тӀедеара царна. «НуӀмат яц хӀара?» – бохура зударша.

[20] НуӀмата цаьрга элира: «Ма алийша сох НуӀмат („мерзаниг“), алийша сох Марет („къаьхьаниг“). Нуьцкъалчо белла суна хӀара беза бала.

[21] Кхузара араялале рицкъа а долуш яра со, ткъа Везачу Эло со яьсса юхаялийна. „Мерзаниг“ хӀунда олу сох, Везачу Эло соьга бала хьегийтина хилча, Нуьцкъалчу Дала суна вон болх бича?»

[22] Иштта НуӀмат а, цуьнца Муаби-аренашкара еана, муабахо йолу цуьнан нус Рути а мукх хьакха болочу хенахь Байтлахаме кхечира.

Рутих лаьцна тептар — Chapters