Skip to content
Opens in a new window

[1] НуӀматан цӀийнден Элималикан тайпанара а волуш, БоӀаз цӀе йолуш цхьа гергара стаг вара цигахь вехаш. Иза хьал долуш а, нахана вевзаш а вара.

[2] Муабахочо Рутис элира НуӀмате: «Со кха тӀе гӀур ю, дисина мекхан кенаш лехьо. Со декъала йийр йоллучун декъа тӀехь лехьор ду ас кенаш». НуӀмата жоп делира: «Дика ду, сан йоӀ».

[3] Кха тӀе а яхана, маьрсхошна тӀаьхьара мекхан кенаш лехьийра Рутис. Ткъа и дакъа Элималикан тайпанара волчу БоӀазан долахь долуш нисделлера.

[4] Оцу хенахь БоӀаз Байтлахамера кха тӀе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гӀо дойла шуна!» – аьлла. «Везачу Эло декъала войла хьо а!» – аьлла, дуьхьал бистхилира вуьш.

[5] ТӀаккха БоӀаза маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу шен ялхочуьнга хаьттира: «И жима зуда хьенан ю?» – аьлла.

[6] Маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу ялхочо, жоп луш, элира: «ХӀара жима зуда муабахо ю, НуӀматца Муаби-махкара еана йолу.

[7] ХӀокхо дехнера тхоьга, цӀевнашна юккъехула маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьадайтахьара шега аьлла. Са тесначхьана еана, хӀинццалц кхузахь ю хӀара. Кху тхов кӀел хӀинцца бен ца еана хӀара».

[8] БоӀаза элира Рутига: «ЛадогӀал, сан йоӀ! Кхечу нехан декъа тӀе кенаш лехьо а ма гӀо, кхузара дӀа а ма яла, сан ялхой-зударшца хӀокху меттехь а хила.

[9] Марс хьокху хӀара сан кха бен ма гойла хьан бӀаьргашна, гӀо хьо цаьрца маьрсхошна тӀаьххье. Ас сайн кегийчу нахана тӀедиллина, хьо хье ма е аьлла. Хьо хьагъелча, сан ялхоша моллучуьра хи а мала».

[10] Цец а яьлла, гора а яхана, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, Рутис хаьттира: «Стенца доьзна ду-те, со кхечу хийрачу махкара йоллушехь, хьо суна иштта реза хилар?»

[11] «Хьайн марнанна ахь мел динарг суна дийцина. Хьайн цӀийнда веллачул тӀаьхьа, хьайн да-нана а дитина, хьайн мохк а битина, хьайна девзаш доцучу къомана тӀееана хьо.

[12] Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тӀома кӀел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоӀаза.

[13] «Сан эла, хьо суна реза хилар ма хедийла, – элира Рутис, – хьайн цхьана а ялхочун мехах йоцучу соьга, хьайн лай йолчу сан даге а хьаьжна, боху-кх ахь иза, сан дог тедархьама».

[14] Делкъе йо хан тӀееача, БоӀаза элира: «Схьа а йолий, хьайна хӀума яа, муьста чагӀар чу бепиг а Ӏуттуш». Рути маьрсхошна юххе охьахиира. ТӀаккха БоӀаза цуьнга кхерзина буьртигаш кховдийра. Ткъа Рутис уьш даа а диира, и юза а юьзира, цуьнгахь кхин а буьртигаш а дисира.

[15] ХӀара кенаш лехьо йоьлча, БоӀаза юха а шен ялхошна тӀедиллира Рутина цӀевнаш юккъехула кенаш лехьо магор а, цунна цхьаммо а вас ца яр а.

[16] «ЦӀевнаш тӀера а дахийта цуьнга кенаш, чеха а ма е иза» – аьлла, буьйр дира цо.

[17] Иштта сарралц кха тӀехь къахьийгира Рутис. Цо гулдинарг эрича, кхо сахь гергга мукх белира.

[18] Иза схьа а эцна, гӀала цӀа яхара Рути. ТӀаккха цо деана ялта гира марнанна. Ша делкъанна хӀума юуш юьзча йитинарг шен тӀоьрмиг чуьра схьа а эцна, марнене елира Рутис.

[19] «Ахь тахана мичахь болх бира? Мичара лехьийна ахь мекхан кенаш? Дала декъала войла хьуна и дика динарг!» – элира НуӀмата. Рутис дӀадийцира шен марнене, ша хьенан кха тӀехь болх бинера. «Ас тахана кха тӀехь болх бинчун цӀе БоӀаз ю», – элира цо.

[20] «Везачу Эло декъалвойла иза. Дала, Шен дош кхочушдеш, беллачарна а, бисинчарна а диканиг до. БоӀаз-м вайна юххера, гергара стаг ву. Иза, вай Ӏалаш а деш, вайна гӀо дан дезачарех цхьаъ ву», – элира марнанас.

[21] «Цо-м шен ялта чудерзийна даллалц, шен ялхошца хила магийна суна», – аьлла, дӀахаийтира Рутис.

[22] ТӀаккха НуӀмата шен несе элира: «Ма дика ду-кх, сан йоӀ, хьо цуьнан ялхошца хир йолуш, нехан кха тӀехь цхьаммо а хьо чехор йоцуш».

[23] Иштта БоӀазан ялхошца кенаш а лехьош, ялта чудерзийна даллалц, шен марненаца Ӏийра Рути.

Рутих лаьцна тептар — Chapters