[1] ГӀалин пен бина а баьлла, ас кевнийн неӀарш дӀахӀиттийна евлча, гӀалин кевнашкара гӀаролхой а, илланчаш а, левихой а шайн-шайн гӀуллакхашна къобалбира.
[2] Сайн ваша Хьанани а, гӀопан хьаькам волу Хьанан-ЯхӀу а ас къобалвира Ярушалаймана тӀехь урхалла дан. Хьанан-ЯхӀу ас хаьржинера, хӀунда аьлча иза тешаме а, Деле дукхахболчарал сов ларамах вуьзна а волу дела.
[3] Цул тӀаьхьа цу шинга аса элира: «ГӀалин кевнаш шаьш схьаделлале, малх къеггина схьакхетталц собардан деза аша. Ткъа кевнаш дӀачӀагӀдан а, царна тӀе ханнаш дӀахӀитто а деза, гӀарол дина бовлале. ГӀарол дан Ярушалайман бахархой харжа. Цхьаберш шайн метте дӀахӀиттабе, ткъа вуьш шайн-шайн цӀеношна дуьххьал дӀахӀиттабе».
[4] ГӀала йоккха а, шена чохь шортта меттиг йолуш а яра, ткъа адам цигахь кӀезиг дара, дуккха а цӀенош хӀинца а дина дацара.
[5] Дала сан даг чохь ойла кхоьллира, лоруш болу нах а, хьаькамаш а, кхидолу массо а халкъ схьа а гулдина, уьш массо а дӀаязбан беза аьлла, хӀунда аьлча суна схьакарийнера дуьххьара юхабирзинарш дӀаязбина долу тептарш. Царна тӀехь дӀаяздина дара:
[6] «ХӀорш бу цу мехкан массо а маьӀӀера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дӀабигна хилла, ткъа хӀинца уьш Ярушалайме а, ЯхӀуд-махка а хӀора шен-шен гӀала юхабирзина.
[7] Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаӀ, Нахьми-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, РаӀам-ЯхӀу, Нахьмани, Мардахай, Билшан, Миспарти, БигӀвай, Нехьум, БаӀна. ХӀорш ю юхабирзинчу исраилхойн цӀераш:
[8] ПарӀушан тӀаьхьенах берш – ши эзар цхьа бӀе кхузткъе шийтта стаг (2172);
[9] Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах берш – кхо бӀе кхузткъе шийтта стаг (372);
[10] Арахьин тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе шийтта стаг (652);
[11] Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчу ЮшаӀан а, Йоабан а доьзалшкара – ши эзар бархӀ бӀе берхӀитта стаг (2818);
[12] Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг (1254);
[13] Затун тӀаьхьенах берш – бархӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг (845);
[14] Закайн тӀаьхьенах берш – ворхӀ бӀе кхузткъа стаг (760);
[15] Бинуйн тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе бархӀ стаг (648);
[16] Бебайн тӀаьхьенах берш – ялх бӀе ткъе бархӀ стаг (628);
[17] ӀазгӀадин тӀаьхьенах берш – ши эзар кхо бӀе ткъе шиъ стаг (2322);
[18] Адуникхаман тӀаьхьенах берш – ялх бӀе кхузткъе ворхӀ стаг (667);
[19] БигӀвайн тӀаьхьенах берш – ши эзар кхузткъе ворхӀ стаг (2067);
[20] Ӏадин тӀаьхьенах берш – ялх бӀе шовзткъе пхийтта стаг (655);
[21] Атарин тӀаьхьенах волчу Хьузакх-ЯхӀун доьзалера – везткъе берхӀитта стаг (98);
[22] Хьашуман тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъе бархӀ стаг (328);
[23] Бецайн тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъе виъ стаг (324);
[24] Хьарипан тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе шийтта стаг (112);
[25] ГавӀонан тӀаьхьенах берш – везткъе пхийтта стаг (95).
[26] Байтлахам-гӀалара а, НатӀупат-гӀалара а болчу бахархойх – цхьа бӀе везткъе бархӀ стаг (188);
[27] Ӏанатот-гӀаларчу бахархойх – цхьа бӀе ткъе бархӀ стаг (128);
[28] Байт-Ӏазмавтара – шовзткъе шиъ стаг (42);
[29] Кхиръят-ЯӀаримера а, Капира-гӀалара а, Баировт-гӀалара а болу бахархой – ворхӀ бӀе шовзткъе кхоъ стаг вара (743);
[30] Рама-гӀалара а, ГибаӀ-гӀалара а болчу бахархойх – ялх бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (621);
[31] Михмасерчу бахархойх – цхьа бӀе ткъе шиъ стаг вара (122);
[32] Бетал-гӀалара а, ГӀай-гӀалара а болчу бахархойх – цхьа бӀе ткъе кхоъ стаг вара (123);
[33] Набу-гӀаларчу бахархойх – шовзткъе шийтта стаг вара (52);
[34] Ӏейламан тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе вейтта стаг вара (1254);
[35] Хьармин тӀаьхьенах берш – кхо бӀе ткъа стаг вара (320);
[36] Ерихонан бахархойх – кхо бӀе шовзткъе пхиъ стаг вара (345);
[37] Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гӀалара а болу бахархой – ворхӀ бӀе ткъе цхьаъ стаг вара (721);
[38] Саниара болу бахархой – кхо эзар исс бӀе ткъе итт стаг вара (3930);
[39] Динан дай: ЮшаӀан цӀийнах волчу Яди-ЯхӀун тӀаьхьенах болу нах – исс бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (973);
[40] Амиран тӀаьхьенах берш – цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг вара (1052);
[41] Пашихьуран тӀаьхьенах берш – цхьа эзар ши бӀе шовзткъе ворхӀ стаг вара (1247);
[42] Хьармин тӀаьхьенах берш – цхьа эзар вуьрхӀитта стаг вара (1017);
[43] Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаӀан а, Кхадмиалан а, ХӀудавин а доьзалшкара – кхузткъе вейтта стаг вара (74);
[44] Илланчаш: Асайпан тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе шовзткъе бархӀ стаг вара (148);
[45] Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхойн тӀаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТӀулманан а, Ӏакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тӀаьхьенах берш – цхьа бӀе ткъе берхӀитта стаг (138);
[46] Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн тӀаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуӀатин а,
[47] Кхейрусан а, СиӀин а, Падунан а,
[48] Либанин а, ХьагӀабин а, Шалмайн а,
[49] Хьананан а, Гидалан а, Гахьарин а,
[50] Раи-ЯхӀун а, Рицанан а, Накхудин а,
[51] Газамин а, Ӏузин а, Писухьан а,
[52] Бесайн а, МуӀаниман а, Напу-Шасиман а,
[53] Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,
[54] Бацултин а, Махьдин а, Хьарашин а,
[55] Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,
[56] Нацухьан а, Хьатапин а тӀаьхьенех берш.
[57] Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тӀаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а,
[58] ЯӀлин а, Даркхунин а, Гидалан а,
[59] Шапат-ЯхӀун а, Хьатилан а, Пукрати-ХӀацубайман а, Аминан а тӀаьхьенах берш.
[60] Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тӀаьхьенах берш а шаберш кхо бӀе везткъе шийтта (392) стаг вара.
[61] Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гӀалара а, Адан-гӀалара а, Амир-гӀалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо:
[62] Дали-ЯхӀун а, ТӀуби-ЯхӀун а, Накхудин а тӀаьхьенех берш – ялх бӀе шовзткъе шиъ стаг вара (642).
[63] Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхӀун, Къоцин а, Барзалайн а тӀаьхьенех берш. (И тӀаьхьарниг Барзалай цӀе тиллина вара, хӀунда аьлча ГалӀадарчу Барзалайн йоӀ ялийнера цо, ткъа цул тӀаьхьа цо и цӀе шениг санна лорура).
[64] И нах доьзалийн тептарш тӀехь шайн цӀераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тӀе ца ийцира.
[65] ЯхӀудан мехкадас цкъачунна Далла сагӀина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тӀулгех Деле хӀун дан деза аьлла хатталц.
[66] Йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь верриг а шовзткъе шиъ эзар кхо бӀе кхузткъа стаг вара,
[67] царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхӀ эзар кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта лай а, гӀарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бӀе шовзткъе пхиъ илланча а вара.
[68] Цаьргахь ворхӀ бӀе ткъе ялхитта говр а, ши бӀе шовзткъе пхиъ говр-бӀарза а,
[69] йиъ бӀе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхӀ бӀе ткъа вир а яра.
[70] Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгӀаташ делира. ЯхӀудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бӀе ткъе итт динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира.
[71] Кхиболчу доьзалийн дайша хазни чу балхана лерина ткъа эзар дарик-ахчанан барамехь долу деши а, ши эзар ши бӀе мин дети а делира.
[72] Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхӀ динан дайша тӀеюхуш йолу бедарш а елира.
[73] Иштта динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кевнехь болу гӀаролхой а, илланчаш а, халкъана юкъара цхьаберш а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а – Исраилан массо а халкъ – шайн-шайн гӀаланашкахь баха хевшира».