Skip to content
Opens in a new window

[1] Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгӀа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гӀалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тӀаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гӀаланашкахь даха диса тарлора.

[2] Халкъо хастам бира шайн лаамца Ярушалаймехь бисинчарна.

[3] ХӀорш бу Ярушалаймехь баха хевшина болу мехкан куьйгалхой. (Дукхахболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а, Сулим-паччахьан ялхойн тӀаьхьенах берш а ЯхӀуд-махкарчу кхечу ярташкахь Ӏаш бара. Уьш ярташкахь кхожаца шайна кхаьчначу латтанаш тӀехь Ӏаш бара.

[4] Амма цхьаболу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанех болу нах Ярушалаймехь бехаш бара.) ЯхӀудан тайпанах болчеран цӀераш иштта яра: Ӏузи-ЯхӀун кӀант Ӏати-ЯхӀу (Ӏузи-ЯхӀу Закри-ЯхӀун кӀант хилла, Закри-ЯхӀу Амар-ЯхӀун кӀант хилла, Амар-ЯхӀу Шапат-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Шапат-ЯхӀу Парасан тӀаьхьенах волчу Махьаллалан кӀант хилла),

[5] Барухан кӀант МаӀсей-ЯхӀу (Барух Кала-Хьозин кӀант хилла, Кала-Хьоза Хьази-ЯхӀун кӀант хилла, Хьази-ЯхӀу Ӏади-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Ӏади-ЯхӀу Закри-ЯхӀун кӀант волчу ЯхӀу-Ярбин кӀант хилла. Закри-ЯхӀу Шейлин тӀаьхьенах хилла).

[6] Ярушалаймехь бехаш болу Парасан тӀаьхьенах болу нах виъ бӀе кхузткъе бархӀ стаг хилла. Уьш берриш а чӀогӀа доьналла долуш нах хилла.

[7] Бен-Яманан тӀаьхьенах берш: Машулиман кӀант Салуъ (Машулим ЮӀадан кӀант хилла, ЮӀад Пади-ЯхӀун кӀант хилла, Пади-ЯхӀу Къули-ЯхӀун кӀант хилла, Къули-ЯхӀу МаӀсей-ЯхӀун кӀант хилла, МаӀсей-ЯхӀу Итиалан кӀант хилла, ткъа Итиал ЯшаӀ-ЯхӀун кӀант хилла),

[8] цунна тӀаьхьа вогӀуш Габий, Салий шиъ хилла. Уьш Салуан гергара нах хилла. Уьш массо а исс бӀе ткъе бархӀ стаг хилла.

[9] Зикрин кӀант Юал царна тӀехь хьаькам вара, ткъа ХӀасинуан кӀант ЯхӀуд цу гӀалахь шолгӀа волу хьаькам вара.

[10] Ярушалаймехь баха охьахевшина болчу динан дайн цӀераш яра хӀорш: ЯхӀу-Ярбин кӀант ЯдаӀ-ЯхӀу, Якин,

[11] Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Сари-ЯхӀу (Хьалкхи-ЯхӀу Машулиман кӀант хилла, Машулим ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Маръютин кӀант хилла, ткъа Маръюти Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ахьтубин кӀант хилла);

[12] иштта церан цӀийнан нах болу Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш волу бархӀ бӀе ткъе ши стаг а; Ярохьаман кӀант Ӏади-ЯхӀу а (Ярохьам Амцин кӀант волчу Палал-ЯхӀун кӀант хилла, Амци Закри-ЯхӀун кӀант хилла, Закри-ЯхӀу Пашихьуран кӀант хилла, Пашихьур Малки-ЯхӀун кӀант хилла);

[13] кхин а ши бӀе шовзткъе шиъ стаг, Малки-ЯхӀун цӀийнах волу (и нах шайн доьзалийн баьччанаш хилла); Ӏазариалан кӀант Ӏамшаси (Ӏазариал Ахьзайн кӀант хилла, Ахьзай Амиран кӀант волчу Машли-МутӀин кӀант хилла);

[14] кхин а цхьа бӀе ткъе бархӀ Амиран цӀийнах волу стаг а хилла. Уьш чӀогӀа доьналла долуш болу нах бара. Царна тӀехь хьаькам Гадуламан кӀант Забдиал хилла.

[15] ХӀара цӀераш Ярушалаймехь баха хиъна болчу левихойн ю: Хьашубин кӀант ШамӀа-ЯхӀу (Хьашуби Ӏазрикхаман кӀант хилла, ткъа Ӏазрикхам Бунин кӀентан Хьашби-ЯхӀун кӀант хилла);

[16] левихойн баьччанаш болу Шабитай а, Юзабди а Делан цӀийнан арахьара беш болчу балхана тӀехӀиттийна хилла;

[17] Микин кӀант Матан-ЯхӀу (Мика Завадин кӀант хилла, ткъа Завади Асайпан кӀант хилла). Баркаллин доӀа дечу нахана тӀехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхӀу; Бакхбукъ-ЯхӀу (иза илланчийн шолгӀачу тобанна тӀехь хьаькам хилла); ШамуӀан кӀант Ӏабда (ШамуӀ Ядутунан кӀентан Галалин кӀант хилла);

[18] Езачу Ярушалайм-гӀалахь волу массо а левихо ши бӀе везткъе виъ стаг хилла.

[19] ХӀорш Ярушалаймехь баха хевшина болчу кевнашкарчу гӀаролхойн цӀераш ю: Ӏакхуби а, ТӀулман а, иштта цхьа бӀе кхузткъе шийтта церан цӀийнах волу стаг а. Уьш гӀалин кевнаш лардеш бара.

[20] Кхиболу исраилхой а, динан дай а, левихой а бара ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь бехаш. Уьш шайн доьзалийн латтанаш тӀехь бехаш бара.

[21] Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш Ярушалайман цхьа дакъа долчу Ӏупалахь бехаш хилла. Царна тӀехь хьаькамалла лелош Цихьа а, ГӀишпа а хилла.

[22] Ярушалаймехь левихошна тӀехь куьйгалла деш Ӏузи хилла (Ӏузи Банин кӀант хилла, Бани Хьашби-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Хьашби-ЯхӀу Микин кӀант волчу Матан-ЯхӀун кӀант хилла). Иза Асайпан тӀаьхьенах хилла, ткъа уьш Делан цӀа долчохь назманаш олуш берш хилла.

[23] Царах лаьцна паччахьо леррина арадаьккхина тӀедиллар хилла, цу тӀехь илланчийн декхарш билгалдаьхна а хилла.

[24] Исраилхойх лаьцна паччахьна хаам беш верг Патахь-ЯхӀу вара. Иза ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Зерахьан кӀентан Маши-Забиалан кӀант вара.

[25] ЯхӀудхойх цхьаберш хӀокху жимачу гӀаланашкахь Ӏаш бара, шайн кхашна уллохь: Кхиръят-АрбаӀахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а; Дибонахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а; иштта Якхабцаалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;

[26] ЮшаӀахь а, Мулада-гӀалахь а, Байт-Палтехь а;

[27] Хьацар-ШуӀалахь а, Беар-ШабаӀехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;

[28] ЦакхелагӀахь а, Махунехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;

[29] Ӏейн-Риманахь а, ЦорӀа-гӀалахь а, Ярмут-гӀалахь а;

[30] Занухь-гӀалахь а, Ӏадуламахь а, иштта царна гонах йолчу ярташкахь а; Лахиш-гӀалахь а, цунна уллохь йолчу аренашкахь а; Ӏазекхи-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а. ЯхӀудан къам Беар-ШабаӀера дуьйна ХӀинам-тогӀина тӀе кхаччалц даха охьахиънера.

[31] Бен-яманхой хӀокху гӀаланашкахь баха охьахевшинера: ГибаӀ-гӀалахь а, Михмасехь а, Ӏайи-гӀалахь а, Бетал-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а,

[32] Ӏанатот-гӀалахь а, Нуб-гӀалахь а, Ӏанан-ЯхӀугахь а,

[33] Хьацор-гӀалахь а, Рамехь а, ГӀитаймехь а,

[34] Хьадид-гӀалахь а, ЦебаӀим-гӀалахь а, Набалти-гӀалахь а,

[35] Лодди-юртахь а, Овну-гӀалахь а, иштта Пхьерийн тогӀи чохь а.

[36] ЯхӀуд-махкара цхьайолу левихойн тобанашкара нах Бен-Яман-махкахь баха хевшира.

Нахьми-ЯхӀун тептар — Chapters