Skip to content
Opens in a new window

[1] Шена тхо Ярушалаймана гонах долу пенаш юхаметтахӀиттош ду аьлла дӀахезча, Санбулат, чӀогӀа оьгӀазвахана, карзахвелира. Иза яхӀудхойх кхарда волавелира.

[2] Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХӀун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХӀара гӀала юхаметтахӀотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагӀанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тӀулгаш денлур ма дац!»

[3] Санбулатаца цхьаьна волчу Ӏамминхочо ТӀуби-ЯхӀус элира: «Жуьгташа меттахӀоттош ерг хӀун ю? Жима цхьогал тӀедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен».

[4] Аса, Деле доӀа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дӀахазахьара Хьуна тхан доӀанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хӀонс санна, йийсаре а бигна, юьхьӀаьржачу хӀиттабехьа уьш!

[5] Царна тӀера бехк дӀа а баьккхина, Хьайна хьалха цара летийначу къиношна геч ма дахьара Ахьа, хӀунда аьлча цара пен беш болу нах сийсазбаьхна».

[6] Ткъа тхо гӀалин пенаш деш дара. И берриг а пен нийсса ах хьалабина а девлира, хӀунда аьлча цигахь мел верг а даггара болх беш вара.

[7] Санбулат, ТӀуби-ЯхӀу, Ӏаьрбихой, Ӏамминхой, ашдодхой чӀогӀа оьгӀазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гӀалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Ӏуьргаш дӀа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дӀахезча.

[8] Цара шайна юкъахь барт бира тӀамца Ярушалаймана тӀелата а, гӀалин нах карзахбаха а.

[9] Тхо тхайн Деле доӀанаш деш дара. Оха пенаш тӀе гӀаролхой хӀиттийнера, цаьрга, дийнахь а, буьйсанна а гӀарол а деш, тхо мостагӀех лардайта.

[10] ЯхӀудхоша мукъам бора: «Киранчийн ницкъ лахбелла, дӀакхоьхьу нехаш дукха хиларна, пен юхаметтахӀотто тхан ницкъ бац».

[11] Тхох кхаьрдаш болчу мостагӀаша бохура: «Жуьгташна, тхо ган а гина, довзале, тхо царна юкъахь хир ду. Оха уьш хӀаллакбийр бу, цул тӀаьхьа болх а сацор бу».

[12] Тхан мостагӀашна уллохь Ӏаш болчу яхӀудхоша тхоьга уьттазза элира: «Массо а маьӀӀера мостагӀий вайна тӀелетар бу».

[13] ТӀаккха аса пенан уггар лахарчу а, ледарчу а меттигашкахь нах дӀахӀиттийра. Шайн-шайн доьзалийн раьгӀнашкахь дӀахӀиттийна бара уьш, карахь тарраш а, гоьмукъаш а, секхаӀедаш а долуш.

[14] Гонах а хьаьжна, лоруш болчу нахе а, хьаькамашка а, кхин болчу нахе а вистхилира со. Аса элира: «Вайн мостагӀех шу ма кхералаш. Хьалдолу Эла сийлахь а, кхерамах дузуьйтуш а вуйла шайна дагадаийта! Аша, шайн вежарий а, кӀентий а, йоӀарий а ларбеш, тӀом бан беза! Шу шайн зударий а, шайн цӀенош а лардеш тӀом беш хила деза!»

[15] Шаьш дан леринарг тхуна хууш хилар а, Дала шайн барт бохийна хилар а тхан мостагӀашна дӀахиъча, тхо гӀалин пен болчу юхадирзира, хӀора шен-шен балха тӀе.

[16] ХӀетахь дуьйна схьа сан белхалойх ах йолу тоба пенна тӀехь болх беш яра, ткъа вуьш шайн карахь гоьмукъаш а, турсаш а, секхаӀедаш а долуш, тӀедуьйхина гӀаьгӀнаш а долуш ха деш бара. Пенаш деш болчу ЯхӀудан нахана тӀехьа тӀеман хьаькамаш бара лаьтташ. Ткъа коьчал яхьаш берш цхьана куьйгаца болх беш бара, ткъа церан вукху куьйгахь гоьмукъ бара.

[18] Болх бечу хенахь пенаш тодеш волчу хӀора стеган хаьн тӀехь кхозуш тур дара. Ткъа суна уллохь коьман маӀа карахь йолу зурманча вара лаьтташ.

[19] Лоруш болчу нахе а, тӀеман хьаькамашка а, иштта кхин долчу адамашка а аса элира: «Вай беш берг боккха болх бу. Пенан бохаллехь дукха дӀасадаьржина вай, вовшашна гена а девлла.

[20] Цундела шайна коьман маӀан аз хезначу метте схьагулдала деза шу. Цигахь массо а вовшахкхетар ду вай. Вайн Дела вайгахьа тӀом беш хир ву!»

[21] Иштта болх беш дара тхо: тхох ах долу дакъа кара гоьмукъ а лаьцна лаьтташ дара, ткъа вуьш пенна тӀехь болх беш бара, Ӏуьйранна сатоссучу хенахь дуьйна стигалара седарчий гучудовллалц.

[22] Цу хенахь аса халкъе дӀахьедира: «Берриг а нах шайн гӀоьнчашца цхьаьна Ярушалаймехь буьйса йоккхуш хила беза, буьйсанна цаьрга гӀалина ха дайтархьама а, дийнахь гӀалин пен боттийтархьама а», – аьлла.

[23] Тхоьца болчарах цхьаммо а буьйсанна шайна тӀера бедарш дӀа ца йохура: я аса а, я сан ялхоша а, я гӀаролехь болчу наха а. ХӀоранна а уллохь шен герз дара.

Нахьми-ЯхӀун тептар — Chapters