[1] Тхьамда волчу аса яздо хьоьга хӀара кехат, сан хьоме Гаяс. Суна хьо билггал дукхавеза.
[2] Сан хьоме доттагӀа, ас доӀа до, хьо могуш-маьрша хилийтар а, массо а агӀор хьан дика хилийтар а доьхуш, хьан синан агӀо дика ма-хиллара.
[3] Суна чӀогӀа хазахийтира, цхьаболчу динан вежарша, кхуза а баьхкина, тоьшалла дича, хьо билггал долчу бакъдолчунна тешаме а ву, цуьнца хьо кхидӀа а лелаш ву аьлла.
[4] Суна массо а хӀуманал хазахеташ дерг ду, сан динан бераш гуттара а билггал бакъболчу некъахула лелар.
[5] Сан хьоме доттагӀа, динан вежаршна дечу гӀуллакхашна тӀехь хьо чӀогӀа тешаме ву, уьш хьайна бевзаш а боццушехь!
[6] Кхузахь йолчу динан тобанна хьалха цара тоьшалла дира хьан безамах. Далла хазахетачу тайпана уьш новкъа бахар дика хир дара хьуна.
[7] Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа буьйлабелла лелаш ма бу уьш, дин доцучу нахе гӀо а ца доьхуш.
[8] Цундела вай, динан вежарша, ишттачу нахана оьшшург дӀадала деза, вай ваьш а бакъдолчун дуьхьа цара дечу гӀуллакхийн декъахь хилархьама.
[9] Хьо вехачохь йолчу динан тобане кехат яздинера ас, амма Дайтарпана со къобал ца во, хӀунда аьлча цунна динан тобанан коьртехь ша хила лаьа.
[10] Цундела со шу долчу веача, аса динан тобане ма-дарра дӀадуьйцур ду Дайтарпана лелочух лаьцна. Цо тхох лаьцна харцдерг дуьйцу, ткъа, иза дина а ца Ӏаш, тхан динан вежарий тӀе а ца оьцу цо. Иштта цо новкъарло йо оцу тобанехь болу и динан вежарий тӀеэца лууш болчарна а. Цо уьш динан тобанна юкъара дӀа а боху.
[11] Хьоме доттагӀа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гӀуллакхаша гойту – иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гӀуллакхаша гойту – цунна Дела гина ца хилар.
[12] Динан тобанна юкъарчу хӀораммо а тоьшалла до Дамарти дика стаг хиларх. Бакъдолчо а тоьшалла до цунах. Иштта оха а тоьшалла до иза дика стаг хиларх. Ткъа шуна-м хаьа, оха до тоьшалла бакъ дуйла.
[13] Кхин дуккха а хӀума дара сан хьоьга яздан, амма шекъанца кехата тӀехь яздан ца лаьа суна иза.
[14] Аса дог доху, кестта хьо гаре, юьхь-дуьхьал а волуш, вовшашца къамел дархьама.
[15] Маьрша Ӏойла хьо! Хьан доттагӀаша маршаллаш доуьйту хьоьга. Хьан тобанехь волчу хӀоранга а шен-шен цӀарах маршалла далар доьху ас.