Skip to content
Opens in a new window

[1] «Оццу деношкахь а, оццу хенахь а Ас юхаметтахӀоттор ю ЯхӀуд а, Ярушалайм а.

[2] Ас массо а къаьмнаш схьагулдийр ду. Уьш ЯхӀушапти-тогӀи чу схьадалор ду Ас. Цигахь Ас царна тӀехь кхел йийр ю Сайн долахь долу Исраилан халкъ бахьана долуш. ХӀунда аьлча цара Сан халкъ къаьмнашна юкъахь дӀасадаржийна, Сан латта а цара дӀасадекъна.

[3] Цара Сан халкъах кхаж туьйсура, кӀентий а дӀалора нахаца лелачу зудчух, йоӀ а чагӀарх дӀаюхкура, маларш а муьйлура.

[4] Шу-м хӀун яра Суна, Цора а, ЦӀадан а гӀаланаш, пӀелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду.

[5] Сан дети а, Сан деши а аша дӀадаьхьна. Сан уггар а тоьллачех йолу еза хӀуманаш а шайн деланийн цӀенош чу яьхьна.

[6] ЯхӀудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дӀабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама.

[7] Хьажал, аша дӀабоьхкинчу меттера Аса хьалагӀиттор бу уьш, Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду.

[8] Шун кӀентий а, йоӀарий а яхӀудхошна дӀабухкуьйтур бу Ас. Ткъа цара уьш шебахошна, геннара долчу халкъана дӀабухкур бу», – иштта аьлла Везачу Эло.

[9] «ДӀакхайкхаде иза кхечу къаьмнашна юкъахь: „ТӀамана кечам бе, иракарахӀиттабе доьналла долу эскархой, дуьхьалбовлийта массо а тӀемалой.

[10] Шайн готанийн хьонхалех тарраш де, маьрсех – гоьмукъаш бе. ГӀорасиза волчо а ала: ‘Со ницкъ болуш ву’.

[11] Сихло, тӀегулло, гонах мел долу къаьмнаш, схьадуьйла оцу тогӀи чу“». Веза Эла, охьабигахьа Хьайн доьналла долу эскархой!

[12] «Иракара а хӀиттина, къаьмнаш ЯхӀушапти-тогӀи чу догӀийла: Со циггахь охьахуур ву, гонахарчу массо а халкъашна кхел ярхьама.

[13] ТӀедерзаде маьрсаш, ялта кхиъна дела. Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Ӏовда, муттдоккхург юьзна дела. Муттанан пхьегӀаш чуьра мутт тӀехъоьхуш ду, цара дина зулам доккха долу дела».

[14] Тобанаш, тобанаш ю кхел ечу тогӀи чохь. Гергга деана Везачу Элан оьгӀазаллин де оцу тогӀина!

[15] Малх а, бутт а кхоьлина бу. Седарчийн лепар а дӀадайна ду.

[16] Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чӀагӀо хилла дӀахӀуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гӀап санна хир ву Иза.

[17] «ТӀаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тӀехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дӀахӀуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац».

[18] «Цу дийнахь иштта хир ду: лаьмнаша чагӀар охьаӀенор ду, баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю, ЯхӀуд-мехкан татолаш а хих дузур ду. Везачу Элан цӀа чуьра шовда охьадогӀур ду, ткъа цо Шитим-тогӀина хи мийлор ду.

[19] Мисар-махках яьсса аре хир ю, ткъа Эдомах яссийна меттиг хир ю. Иза хир ду царна яхӀудхошна цара ницкъ бар а, ЯхӀуд-махкахь бехк боцучеран цӀий Ӏанор а бахьана долуш.

[20] Ас царна бекхам бийр бу, хӀинца а таӀзар даза дисина цӀий бахьанехь. Амма ЯхӀуд-махкахь даим адамаш дехар ду, Ярушалаймехь а ехар ю тӀаьхьенийн а тӀаьхьенаш. Ткъа Веза Эла Цийон-лам тӀехь вехаш хир ву».

Юал-пайхамаран тептар — Chapters