Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:36

[1] Дала леррина къобалвина волу Ӏийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чӀагӀо а еш, ас хӀара весет до хьоьга:

[2] дӀакхайкхаде Делан дош. Хьайна бегӀийла долчу а, доцучу а хенахь и дош дӀакхайкхо кийча хила. Доллучу собарца а, хьехамашца а адамийн гӀалаташ нисде, уьш галдевлча, дӀахаийта царна, уьш иракарахӀиттаде.

[3] ХӀунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугӀур доцу хан тӀейогӀур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта.

[4] Билггал бакъболчу хьехамах дӀа а бирзина, туьйранашкахьа боьрзур бу уьш.

[5] Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гӀуллакх а деш, хьайна тӀедиллинарг дерриге а чекх а даккха.

[6] Сайх лаьцна хӀара эр ду ас: сан дахар Далла хьалха сагӀа даккха дуттуш долу чагӀар санна ду – со дӀакхалха веза хан тӀееана.

[7] Дикачун дуьхьа бечу тӀамехь ас хьуьнарца тӀом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди.

[8] Делан лаамехь со ваьхна дела, хӀинца суна кийча ду толамхочунна догӀу таж. Оцу тӀедогӀун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Ӏийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.

[9] Тимапи, хӀуъа а дай, суна сихха тӀекхачахьара хьо.

[10] ХӀара дуьне шена дезарна, сох дӀа а къаьстина, Тассалник-гӀала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана.

[11] Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тӀехь суна пайден хир ву иза.

[12] ТихӀак Эпас-гӀала вахийтина ас.

[13] Троя-гӀалахь Карпу волчохь ас йитина сан тӀеюхуш йолу йовха палаш а, сан тептарш а, къаьсттина тӀаьрсигна тӀехь яздина дерш, схьадахьа, хьо вогӀуш.

[14] Дукха зуламаш дина суна цӀестан пхьар волчу Искандара. Цо мел лелийначунна Везачу Эло таӀзар дийр ду цунна.

[15] Хьо а ларвала веза цунах. Вайн хьехамашна чӀогӀа дуьхьалваьлла иза.

[16] Суна дуьххьара кхел ечу хенахь соьгахьа гӀо даккха цхьа а ца веара, массара а дӀатесира со. Царна дуьхьал ма доккхийла иза Дала!

[17] Амма соьца Веза Эла вара. Цо ницкъ белира суна хаза кхаъ кхоччуш болчу барамехь соьгахула дӀакхайкхабайта а, массо а кхечу къаьмнех болчу нахана иза дӀахазийта а. Иштта кӀелхьарваьккхинера со лоьман багара.

[18] Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кӀелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дӀа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин.

[19] Маршаллаш ло соьгара ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а, Анисапаран цӀерачаьрга а.

[20] Арсати Коринт-гӀалахь висира. Ткъа ТрахӀим Милет-гӀалахь витира ас, иза цомгуш волу дела.

[21] ХӀуъа дай а, Ӏа тӀедале, схьакхача гӀортахьара хьо. Маршаллаш доуьйту хьоьга Ӏевала а, Пудас а, иштта Ланас а, Калабдата а, массо а вежарша а.

[22] Веза Эла хуьлийла хьан синца. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.

Векало ПахӀала Тимапига яздина шолгӀа кехат — Chapters