Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:21

[1] Ткъа хьо, сан кӀант, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай хиларна, вайна делла долчу диканца доьналла долуш хилалахь.

[2] Дуккха а тешаш а болуш, хьайна соьгара хезна болу хьехамаш дӀалолахь тешамечу нахе, кхечарна хьеха хьуьнар долчаьрга.

[3] Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дикачу тӀемалочо санна.

[4] Цхьа а дика тӀемало шен цӀерачу гӀуллакхашна тӀера ца хуьлу, эскаре кхайкхинчу хьаькамна муьтӀахь хила лууш.

[5] Ткъа къийсадаларшкахь дакъалоцучунна толаман таж кхочур дац, нагахь санна иза, бакъонаш лар а еш, къовса ца веллехь.

[6] Къахьегна волчу ахархочунна уггар хьалха дӀакхачо деза ша бинчу белхан кхачанан дакъа.

[7] Ойла елахь аса дуьйцуш долчун. И массо а хӀума хаа кхетам лур бу хьуна Везачу Эло.

[8] Беллачарна юкъара денвина волу, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах ваьлла волу Дала леррина къобалвина Ӏийса даим дагахь латтавелахь. Ас кхайкхош болчу хазачу кхоан чулацам иштта бу.

[9] Хаза кхаъ кхайкхорхьама тӀеэцна ас хӀара бала. Ур-атталла, зуламхочунна санна, буржалш а тоьхна суна. Амма Делан дашна тохалур дац буржалш.

[10] Цундела Дала къастийначарна хиндолчу диканан дуьхьа ловш бу аса хӀара массо а баланаш. Лаьа-кх Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула луш долу кӀелхьардовлар а, даим а хиндолу сийлалла а царна а кхачийта.

[11] Нийса аьлла ду: «Нагахь санна вайн Ӏийсаца далар хиллехь, Цуьнца цхьаьна дахар а хир ду вайн.

[12] Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дӀакъастахь, тӀаккха Иза а вайх дӀакъаьстар ву.

[13] Нагахь санна вай тешаме ца хилахь а, Иза-м хӀетте а тешаме хир ву, хӀунда аьлча Ша-Шех дӀакъаьстийла дац Цуьнан».

[14] И хӀуманаш нахана дагадаийта. Далла хьалха дӀахьеде цаьрга, дешнаш тӀехула къийсамаш ма бе алий. ЛадоьгӀурш галбахар бен, иза цхьанна а пайденна дац.

[15] Делан къобалдар хьайна хилийтархьама, хьайн ницкъ кхочург дерриг а делахь. Цхьанна а агӀор эхь хетийла доцу дика белхало санна хилалахь, билггал бакъдолчух лаьцна долу дош ма-дарра нийса а хьоьхуш.

[16] Ӏеса а, сонта а долчу хабаршна генна валалахь, хӀунда аьлча цара адамаш Далла уллора гена доху.

[17] Ткъа иштта хьехамаш, вочу цамгаран ун санна, сихха дӀасабаьржа. И Ӏеса а, сонта а хабарш хьоьхучарна юкъахь бу ХӀуьманай а, Пилти а.

[18] Уьш билггал бакъдолчунна тӀера дӀабевлла. Цара хьоьху, белла болу нах денло де чекхдаьлла бохуш. Иштта долчу хьехаршца цара цхьаболчу нехан тешар галдоккху.

[19] Делахь а Дала дӀахӀоттийна болу онда бух чӀогӀа лаьтташ бу. Цунна тӀе дӀаяздина хӀара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХӀора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».

[20] Муьлххачу а доккхачу цӀа чохь дашо а, дато а пхьегӀаш хилла а ца Ӏаш, дечигах а, кхийра поппарх а йина йолу пхьегӀаш а хуьлу. Царах цхьаерш дезачу гӀуллакхна лерина хуьлу, вуьш ларамазчу гӀуллакхна лелош хуьлу.

[21] Иштта массо а вон долчух цӀанвелларг а хир ву лакхарчу гӀуллакхна хаьржина, язйина йолу и пхьегӀа санна. Иштта стаг а ма хуьлу шен Олахочунна тешаме а, пайден а, массо а дикачу гӀуллакхна кийча а.

[22] Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦӀеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргӀато а.

[23] Сонтачу а, кхетамбоцучу а къийсарех къахка, хӀунда аьлча хьуна хьайна а хаьа-кх уьш девне довлий.

[24] Везачу Элан лай товш вац къийсалуш. Массаьрца а кӀеда-мерза, хьехамаш бан дика хууш, собар долуш хила веза иза.

[25] Шен мостагӀашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло.

[26] ТӀаккха и мостагӀий а, дохко а бевлла, меттабогӀур бу. Иблисо шен лааме берзийна болу уьш шаьш дӀалаьцначу цуьнан речӀанах паргӀатбевр бу.

Векало ПахӀала Тимапига яздина шолгӀа кехат — Chapters