[1] Хаалахь, тӀаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю.
[2] Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтӀахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш.
[3] Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хӀума бӀаьрга дан ца дезаш хир бу уьш.
[4] Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кӀоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах.
[5] Дин лелорехь тӀехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дӀатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь.
[6] Къайлаха нехан хӀусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КӀеда дог долу зударий кӀелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий.
[7] Динах лаьцна хьехамаш даим Ӏамо гӀерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга.
[8] Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Ӏийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу.
[9] Амма уьш гена бевр бац. Церан а хьекъал цахилар гучудер ду, вукхеран санна.
[10] Ткъа хьо аса бечу хьехамашна а, сан дахаран кепана а резахилира. Сан Ӏалашонех а, сан тешарх а, сан собарх а, безамах а, доьналлах а масал ийцира ахь.
[11] Со эккхийна волуш а, ас баланаш хьоьгуш а сан леларан тидам бора ахьа. Хьуна хьайна хаьа-кх Антиохехь а, Иконехь а, Листар-гӀалахь а суна хилларг. Мел ирча баланаш лайра аса цигахь. Делахь а Везачу Эло оцу массо а халачу баланех кӀелхьарваьккхира со.
[12] Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тӀаьхьа а хӀоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар.
[13] ХӀилланчаш а, къиза нах а кхин а вон хир бу. Цара нах лебийр бу, ткъа шаьш а лебойтур бу.
[14] Хьох лаьцна-м хӀара эр ду ас: хьайна Ӏемина долу а, хьо тешна волу а и гӀуллакх кхидӀа а дан деза ахьа. И дерриг а хьайна хьаьнгара хиъна хаьа-кх хьуна.
[15] Хууш ву хьо Делан Йозанаш бераллехь дуьйна хьайна девзина хилар а. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула луш долчу кӀелхьарваларна тӀевалош долу хьекъалалла хьуна дала тарло оцу Йозанаша.
[16] Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Ӏаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гӀалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш.
[17] Цу дерригенан Ӏалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гӀуллакх дан кийча хилийтар.