Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:42

[1] ХӀара шолгӀа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тӀехь шун цӀена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца.

[2] Дагахь латтаде шайна хьалха безачу пайхамарша аьлла дешнаш а, КӀелхьардохург волчу Везачу Эло шуна даийтинчу Шен векалшкахула шайна тӀедиллинарг а.

[3] Уггар хьалха шуна хаа деза, тӀаьхьарчу деношкахь богӀур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш,

[4] цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогӀур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хӀума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара».

[5] Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а.

[6] Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хӀаллакдина.

[7] Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хӀинцалера стигалш а, латта а даго Ӏалашдеш ду, къематан а, Ӏеса нах хӀаллакбен а де тӀекхаччалц.

[8] Цхьа хӀума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду.

[9] Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хӀунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хӀаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хӀуманна дохко а даьлла, Шена тӀедерза лаьа Цунна.

[10] Нахана ца хууш вогӀу къу санна, догӀур ду Везачу Элан де, тӀаккха гӀовгӀанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тӀехь дерг а, даьгна, дӀадер ду.

[11] Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цӀена а, суьпа а хила деза,

[12] Делан де тӀекхачаре сатуьйсуш а, и тӀедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цӀе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду.

[13] Амма, Дала динчу ваӀдане а хьаьжна, нийсонан цӀа долчу керлачу стигале а, лаьтте а сатуьйсуш ду вай.

[14] Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дӀахӀитта а, Цуьнца бертахь хила а.

[15] Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кӀелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахӀала шуьга яз-ма-дарра.

[16] Цо цунах лаьцна дуьйцу шен массо а кехаташ тӀехь. Кхета хала хӀуманаш ду царна тӀехь, цундела кӀорггера хаарш доцучу а, динехь чӀогӀа боцучу а наха, кхидолу Деза Йозанаш санна, талхадо уьш, цу бахьаненна шаьш хӀаллак а хуьлуьйтуш.

[17] Иштта, хьоменаш, хӀара дерриг а довзийтина долу шу ларлолаш, харцхьехамчийн галбаьллачу новкъахула дӀа ца дигийтархьама а, шаьш ондда лаьтташ долчунна тӀера ца дохийтархьама а.

[18] Вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тӀейогӀу йолчу ерриге хенахь а. Амин.

Векало Кипас яздина шолгӀа кехат — Chapters