[1] Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дӀабелла волу Хьалдолу Эла дӀа а тесна, стаг хӀаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хӀаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха.
[2] Дукхахберш, царах дӀа а тарбелла, телхар бу, уьш бахьана долуш бакъдолчун некъ емалбина хир бу.
[3] Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХӀаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.
[4] ХӀунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тӀехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита.
[5] Хьалха заманахьлера Ӏеса адам хӀаллакдина Дала, тӀе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархӀ са кӀелхьардаьккхина Цо.
[6] ХӀаллакьян кхел а йина, чим бина дӀаяьхна Цо Седам а, Ӏамор а цӀераш йолу гӀаланаш, Ӏесачу нахана хиндолчун масал гойтуш.
[7] Боьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутӀа кӀелхьарваьккхина Цо.
[8] (ХӀунда аьлча царна юкъахь Ӏийна и Делан лаамехь волу стаг хӀора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гӀуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.)
[9] Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кӀелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таӀзар а деш, латто а,
[10] къаьсттина шайн догӀмийн хьарамчу лаамашна тӀаьхьахӀиттинарш а, шайна тӀехь Деле олалла ца дойтурш а. КӀоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру.
[11] Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу.
[12] Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тӀе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хӀаллакьхир бу.
[13] Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар – дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хӀума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь.
[14] Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бӀаьргаш. Сина кӀезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Ӏемина ду саьхьара гӀуллакхаш лело. НеӀалт хилла нах бу уьш.
[15] Нийса некъ дӀатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеӀаран кӀентан БалиӀаман новкъа бевлла.
[16] Амма шен харцонна тӀехь бехке вина БалиӀам. Мотт ца хуучу виркхело, адамийн маттахь йист а хилла, сацийна цу пайхамаран хьекъалх тилар.
[17] Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Ӏаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина.
[18] Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хӀинцца дӀакъаьсташ берш дегӀана там лохучу а, телхина долчу а хӀуманашка марзбо цара.
[19] Цу нахана паргӀато яла ваӀда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь – стаг ша мел эшийначун лай ма ву.
[20] Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хӀуманех къаьстинехь, ткъа цул тӀаьхьа уьш, юха а вочу хӀуманна тӀе а тевжина, цунна кӀел биснехь, шолгӀа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал.
[21] Нийсонан некъ бевзина цахилар гӀолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тӀедиллинарг дӀа а тесна, хьалхалерчунна тӀе юхабоьрзучул.
[22] Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду: «ЖӀаьла шен Ӏеттораш тӀе юхадогӀу», кхин а: «ЦӀанйина хьакха хоттала йижа йоьду».