[1] Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай а, векал а волчу ШамӀа-Кипас яздо хӀара кехат. Вайн Дела а, КӀелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тӀеэцначаьрга яздо ас.
[2] Дела а, вайн Веза Эла волу Ӏийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргӀато а совйолийла шун.
[3] Ӏийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хӀунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна.
[4] Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгӀаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама.
[5] Цундела аша берриг а ницкъ тӀебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха.
[6] Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха.
[7] Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха.
[8] Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу.
[9] Ткъа иза шеца доцург бӀаьрзе ву. Цунна хӀумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цӀанвар.
[10] Цундела, вежарий, кхидӀа а хьовсалаш Дала шаьш тӀекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу.
[11] Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КӀелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ.
[12] Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тӀехь шу чӀагӀдина делахь а.
[13] Суна нийса хета, хӀара дегӀан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар.
[14] Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегӀах къаста дезаш хилар.
[15] Со шух къаьстинчул тӀаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас.
[16] ХӀунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Ӏийса-Эла вогӀур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду.
[17] ХӀунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тӀе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кӀант ву, Цуьнца бу Сан лаам!»
[18] Стигалара деана и аз тхуна хезира, Ӏийсаца безачу лам тӀехь тхо долуш.
[19] Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тӀе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Ӏуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц.
[20] Уггар хьалха шуна хаа дезаш ду Делан Йозанашкара Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург цахилар.
[21] ХӀунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.