[1] Дала леррина Къобалвинчо Шен дегӀана бина ницкъ лайна дела, аша а цунах тера долчу леларна кечам бан беза. ХӀунда аьлча дегӀана хуьлу ницкъ лайнарг, къинойх дӀа а къаьстина,
[2] дуьнен чохь яккха йисина хан, дегӀан лаамийн кара а ца воьдуш, Дала бохург деш йоккхуш хир ву.
[3] Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цӀушна хьарам Ӏибадат деш.
[4] Ткъа хӀинца царна тамашийна хета аша хьалхалера боьха гӀуллакхаш ца лелош, цундела шуна лоь уьш.
[5] Амма церан жоп дала дезар ду дийначарна а, беллачарна а кхел ян кийча Волчунна.
[6] Беллачарна а хаийтинера хаза кхаъ. ДогӀмех аьлча – царна кхел йина. Ткъа синойх аьлча – уьш гуттар а дийна хир ду Дела волчохь.
[7] Дерригенан а чаккхе тӀекхочуш ю. Хьекъале дуьйла, собаре а хила, тӀаккха шуьга доӀанаш далур ду.
[8] Уггар хьалха даггара вовшийн деза, хӀунда аьлча безамо дукха къинош дӀахьулдо.
[9] Шайн хӀусамашкахь вовшийн тӀеэца, яппарш а ца еш.
[10] Шуна хӀоранна а ша тайпа похӀма кхаьчна. Вовшийн гӀуллакх де цу похӀмица, Дала тайп-тайпана диканаш деллачу тешамечу хӀусамдас санна.
[11] Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гӀуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гӀуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Ӏийсан бӀеннаш шерашкахь, амин!
[12] Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хӀума хуьлу аьлла.
[13] Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду.
[14] Нагахь Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш шу сийсаздеш делахь, шу декъалдина ду, Делан сийлаллин Са шуьца хуьлу дела.
[15] Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таӀзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а.
[16] Нагахь шуна дина таӀзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цӀе лелорна!
[17] Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тӀера йолалур ю иза. Ткъа вайна тӀера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тӀе ца эцначу нахана хӀун таӀзар хир ду?!
[18] «Делан лаамехь верг халла кӀелхьарволуш хилча, Ӏеса лелачунна а, къинош летийначунна а хӀун хир ду?»
[19] Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дӀадала деза.