[1] Зударий, шу а шайн майранашна муьтӀахь хила. Нагахь цхьаболу майранаш Делан Даше ладугӀуш ца хилахь, шайн дахарх масал а луш, дист а ца хуьлуш, Делах тешарна тӀебалабе уьш,
[2] шайн цӀена а, Делах кхоьруш а долу дахар а гайтий.
[3] Гуш долчу хӀуманашца хаздала ма гӀерта: месаш Ӏалашъярца, дашо хӀуманашца, хазачу духаршца.
[4] Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду.
[5] Хьалхарчу заманчохь иштта хазлора Делан дикане сатуьйсуш болу сийлахь зударий, шайн майранашна муьтӀахь хуьлуш.
[6] Масала, ИбрахӀиме массо а хӀуманна тӀехь ладугӀуш а, цунах шен эла олуш а яра Сарат. Нагахь шу диканиг а деш, дагахь кхерам хиларна сингаттам а боцуш Ӏаш делахь, шу Цуьнан йоӀарий ду.
[7] Цу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гӀорасиза хилар а хууш. Уьш лара, хӀунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгӀат кхочу цаьрга. ТӀаккха шун доӀанашна дуьхьало еш хӀумма а хир дац.
[8] Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза.
[9] Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХӀунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.
[10] Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе.
[11] Вочунах дӀавирзина, диканиг дойла цо, машар лохийла, цуьнгахьа къуьйсуш.
[12] ХӀунда аьлча Делан лаамехь болчаьргахьа ду Везачу Элан хьажар, церан доӀанашка схьадиллина ду Цуьнан лергаш. Амма оьгӀазе ю Везачу Элан юьхь Иза зуламхошка хьожучу хенахь».
[13] Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гӀерташ хилча?
[14] Амма шаьш дина дика хӀума бахьана долуш шу бала хьоьгуш делахь, шу декъалхилла ду. «Уьш кхоьручух шу ма кхера, доха а ма доха!»
[15] Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта. Шайга хаттахь, гуттар а кийча хила жоп дала, шуьца болу сатийсам стенца боьзна бу.
[16] Ларам болуш а, таьӀна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тӀаккха шуна тӀехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цӀена ду гича.
[17] Делан лаам белахь, диканиг дар бахьана долуш хало лар гӀолехь ду, вониг а дина ловчул!
[18] ХӀунда аьлча къинош летийна долу шу Далла тӀе дерзорхьама, Дала леррина Къобалвинчо а цкъа бала лайна вайн къинош бахьана долуш, Иштта Делан лаамехь Волчунна Делан лаамехь боцурш бахьана долуш хало гина. Цуьнан дегӀ дийнера, амма Са дахаре юха далийнера.
[19] Оцу Синан кепехь набахтехь долчу синошна кхайкхам бан вахара Иза.
[20] Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгӀна синош дара уьш. Дукха синош кӀелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархӀ стаг бен.
[21] ХӀинца шу кӀелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар – иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма цӀеначу дагца Деле йина чӀагӀо ю. Дала леррина къобалвина Ӏийса денвалар бахьана долуш цу хих чекхдовларо шу кӀелхьардоху.
[22] Ӏийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агӀор Ӏаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.