Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:33

[1] Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагӀ, лер дӀадаккха!

[2] Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цӀеначу дашах хьага, цуьнан гӀоьнца шу даккхий а хилла, шун кӀелхьардовлар чекхдалархьама,

[3] хӀунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна».

[4] Цунна тӀе дуьйла. Наха дӀатесна болу дийна ТӀулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу.

[5] Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха.

[6] ХӀунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тӀулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».

[7] Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхӀар ду, ткъа ца тешачарна: «ГӀишлош еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг, хилла, дӀахӀоьттина».

[8] Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тӀулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтӀахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан.

[9] Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.

[10] «Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хӀинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хӀинца Дала къинхетам бина шух».

[11] Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тӀом бечу дегӀан лаамех ларлолаш.

[12] Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тӀаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гӀуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь.

[13] Везачу Элан дуьхьа адамна тӀехь урхалла дечу Ӏедална муьтӀахь хилалаш: паччахьна, хӀунда аьлча цуьнгахь лаккхара Ӏедал ду,

[14] куьйгалхошна, хӀунда аьлча уьш зуламхошна таӀзар дан а, дика гӀуллакх дечарна совгӀат дала хӀиттийна бу.

[15] ХӀунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гӀуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дӀасовцадо.

[16] ПаргӀат даха, амма цу паргӀатона тӀехьа а лечкъаш, вон гӀуллакхаш ма леладе, хӀунда аьлча шу Делан леш ду.

[17] Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де.

[18] Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтӀахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Ӏаш, шайца буьрса болчарна а.

[19] Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таӀзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш.

[20] ХӀун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таӀзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду.

[21] Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тӀаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву.

[22] «Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла».

[23] Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дӀалора.

[24] Шен дегӀаца вайн къинош жӀара тӀе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цӀена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна.

[25] Цхьана хенахь, тиладелла уьстагӀий санна, лелла шу, ткъа хӀинца шу шайн синойн Ӏуьнна а, шаьш Ӏалашдечунна а тӀе юхадаьхкина.

Векало Кипас яздина хьалхара кехат — Chapters