[1] Везачу Элера шозлагӀа а хаам хилира Юнусе:
[2] «Вало, гӀо Нунав-гӀала! Цигахь, оцу йоккхачу гӀалахь, бахархошка кхайкхаде Ас хьайга бохург».
[3] Дала ма-бохху, Нунав-гӀала вахара Юнус. Далла гергахь еза шахьар яра и Нунав-гӀала. Кхаа дийнахь некъ баллал йоккха яра иза.
[4] ТӀаккха хьалхарчу дийнахь некъ мел бало, кхайкхам беш волавелла вахара Юнус: «Кхин шовзткъа де даьлча, юхур йолуш ю Нунав-гӀала!» – бохуш.
[5] ТӀаккха тийшира Делах Нунав-гӀалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюьйхира.
[6] Нунавара паччахье а кхечира гӀаланах лаьцна беш болу хаам. ТӀаккха и паччахь, шен гӀанта тӀера хьала а гӀаьттина, шен паччахьан духар дӀа а даьккхина, кхин, вон тӀедеача юхуш йолу, бедарш тӀе а юьйхина, чим тӀе охьахиира.
[7] ТӀаккха цо Нунав-гӀалахь омра дира: «Паччахьан а, цуьнан гонахара куьйгалхойн а сацам иштта бу: адамаша а, хьайбанаша а, стерчаша а, уьстагӀаша а хӀумма а ма яа, цхьа а беже ма гӀо, цхьаммо а хи ма мала», – аьлла.
[8] «Массо адамаша вон тӀедеача юхуш йолу бедарш тӀеюха. Даьхнина тӀе хӀуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХӀораммо Далла тӀеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гӀело а ма е», – аьлла.
[9] «Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгӀазло вайна тӀера дӀа а яьккхина, вай хӀаллак ца деш дита мега Цо».
[10] ТӀаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТӀаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам.