[1] Везачу Эло цхьана боккхачу чӀере, Юнус дӀакхалла аьлла, омра дира. Кхо де-буьйса даьккхира Юнуса оцу чӀеран гай чохь.
[2] Ша чӀеран гай чохь воллуш, Юнуса доӀанца дийхира шен Везачу Деле.
[3] Цо элира: «Со гӀайгӀанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тӀаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цӀогӀа туьйхира ас, тӀаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз.
[4] ХӀордан кӀоргене, хӀордан даг чу кхоьссина Ахьа со. Хин Ӏовраша го бина суна. Хьан массо тулгӀенаш, со керчош, тӀехула евлла суна.
[5] ТӀаккха элира ас: „Хьайн бӀаьргашна хьалхара дӀаваьккхина Ахь со, амма суна юха а гур ду Хьан Деза ЦӀа“.
[6] Бух боцучу хӀордо къевлина со, сан син тӀе а кхаьчна, дӀалаьцна со хино. Сан коьртах хӀордан бецаш хьаьрчина.
[7] Лаьмнийн буха кхаччалц охьавеана со. Гуттаренна а шен гӀораш а доьхкина, лаьтто дӀакъевлина со. Амма Ахьа, Сан Веза Дела, хьалаваьккхира со бух боцучу Ӏин чуьра.
[8] Кхин сайн тоха са ца хилча, суна дагавеана Хьо, Веза Эла, тӀаккха Хьан Дезачу ЦӀа чохь волчу Хьоьга дӀакхаьчна сан доӀанаш.
[9] Эрна а, харц а деланаш лоруш берш шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина.
[10] Амма сайна тӀера сагӀа сайн озаца хастам беш доккхур ду ас. Сайн нигат а кхочушдийр ду ас. Везачу Элан карахь ду кӀелхьарвалар!»
[11] ТӀаккха Дала шега аьлча, боккхачу чӀеро Юнус лаьтта тӀе кхоьссира.