[1] ЛадогӀа, исраилхой, Ас хьох лаьцна белхар доккхур долчу кху даше.
[2] Охьа а доьжна, кхин хьала ца айалуш Ӏуьллу йоӀстаг санна долу Исраилан халкъ! Шен мехкан лаьтта тӀехь даржийна долу иза, вац-кх хьалаайа цхьа а.
[3] ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху: «Исраил-махкахь эзар тӀемалочуьнца дуьхьалъяьллачу гӀалин оцу тӀемалойх бӀе бен вуьсур вац, ткъа бӀе тӀемалочуьнца дуьхьалъяьлларг иттанца юьсур ю».
[4] ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху Исраилан цӀийне: «Со лехалаш – дийна дуьсур ду шу.
[5] Бетал-гӀалахь Со ма лехалаш, Галгал-гӀала ма гӀолаш, Беар-ШабаӀе ма кхачалаш, хӀунда аьлча Галгал-гӀала йийсаре гӀур ю, ткъа Бетал-гӀала хӀумма а йоцург хилла дӀахӀуттур ю».
[6] Лехалаш Веза Эла – дийна дуьсур ду шу. ЦӀеран алу санна, Иза Юсупан цӀенна тӀе ма кховдийта. Оцу цӀеро иза хӀаллакдийр ду. Бетал-гӀалахь цхьа а хир вац и цӀе дӀаяйа.
[7] Нийсонах дӀовш деш долу а, бакъдерг лаьтта кхуссуш долу а, хӀай адамаш!
[8] Хьан кхоьллина ВорхӀ Седа а, Орион а? Хьан еш ю Ӏожаллин ӀиндагӀах сирла Ӏуьйре, ткъа дийнах Ӏаьржа буьйса? Хьан тӀегулдо хӀордан хиш? Уьш лаьтта тӀехула Хьан дӀасадаржадо? Цуьнан цӀе – Веза Эла ю!
[9] Цо онданиг хӀаллак а во, цуьнан гӀап йоха а йо.
[10] Шуна ца веза кхел ечохь харцо гучуйоккхуш верг, бакъдерг дуьйцучух а шу ца деша.
[11] Иштта аша мисканиг охьа а теӀош, цуьнгара ялтица совгӀаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тӀулгех цӀенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагӀар мер дац,
[12] хӀунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагӀий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гӀуллакхаш галдоху аша кхел ечохь.
[13] Цундела вист ма ца хуьлу цу хенахь кхетаме верг, хӀунда аьлча и зама луьра ю.
[14] Дика леха, вон а ца лоьхуш, шаьш дийна дисийтархьама. ТӀаккха массо а ницкъийн Веза Дела, аша ма-бохху, шуьца хир ву.
[15] Вон а ца дезаш, дика дезийша, меттахӀоттадейша дов хаттар. ТӀаккха къинхетам бан мега массо а ницкъийн Везачу Дала Юсупан цӀийнах бисинчех.
[16] Цундела иштта боху Везачу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала: «Массо а урамашкахь белхар хир ду. Массо а некъашкахь мохь хьоькхур бу: „Маржа-яӀ! Маржа-яӀ!“ – бохуш. Латталелорхо латкъам бан, ткъа тийжаме назманаш ала говзанаш белха а тӀекхойкхур бу.
[17] Кемсийн бошмашкахь а хир ду белхар, хӀунда аьлча Со халкъана юккъехула чекхвер ву, шуна таӀзар дархьама», – боху Везачу Эло.
[18] Декъаза бу Везачу Элан де тӀекхача луурш. Стенна оьшу шуна и де? Иза-м бода бай, серло яций.
[19] Иза, нагахь цхьаъ, лоьмах а ведда, чена тӀе нисвалар, я, шен цӀа а веана, куьйгаца пенна тӀетевжича, лаьхьано къовзор санна ду.
[20] Серло а йоцуш, бода бац ткъа Везачу Элан и де? Ӏаьржа бода бу иза, цуьнца нур лепар дац.
[21] «Суна ца деза, Суна дегаза хета аша даздеш долу денош. Шун динан гуламаш Суна дегаза хета.
[22] Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш аша дахахь а, Аса тӀеоьцур дац уьш. Со дӀахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагӀане.
[23] Суна генаяккха лоькхучу хьайн эшарийн гӀовгӀа, хӀунда аьлча хьан дечиг-пондарийн аьзнашка Ас ладугӀур дац.
[24] Нийсо, доьду хи санна, дӀагӀойла, ткъа бакъдерг – лекъар доцу татол санна!
[25] Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш даха ма ца дийзира хьан!
[26] Шайн паччахь-делан Сакутан а, шайн седа-делан Кайвулин шайн куьйгашца дина долу суьрташ хӀетахь а леладора те аша? Ткъа хӀинца аша уьш лела ма бо!
[27] Аша иза дарна, шу махках а даьхна, Дамасакхана дехьа дохур ду Ас», – боху Везачу Эло. Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Дела ю.