Skip to content
Opens in a new window

[1] ЛадогӀа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла:

[2] «Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш».

[3] Новкъа вер вуй те шиъ, вовшашца барт а ца беш?

[4] Хьуьнхахь лом угӀуш хуьлий те, шена хьалха ижу ца хилча? Лоьман кӀорнино шен бен чуьра аз хозуьйтуш хуьлий те, ша лаьцна хӀума а йоцуш?

[5] РечӀанна чу нислур дуй те олхазар, шена чӀогӀа езаш йолу хӀума цу чохь ца хилча? ДӀакъовлалур юй те речӀа, цу чу цхьа хӀума ца нисъелча?

[6] Коьман маӀа локхур юй те гӀалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гӀалина бохам, Веза Эла воцучо тӀебаийтина?

[7] Везачу Эло цхьа а хӀума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дӀа а ца йовзуьйтуш.

[8] Мила вуьсу, лоьмо гӀигӀ дича, кхера ца луш? Хьалдолчу Эло аьлча, мила вуьсур ву Цуьнгара хаамаш ца беш?

[9] Ашдод-гӀалин а, Мисар-мехкан а паччахьийн цӀеношкахь Ӏаш болчаьрга дӀакхайкхаде: «Схьагулло Шамран-гӀалин лаьмнаш тӀе, хьовса уьш мел низам доцуш бу, цара мел бечу ницкъе», – алий.

[10] «Царна ца хаьа нийсонца лела, – боху Везачу Эло. – Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хӀусамашкахь йолу хазна».

[11] Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «МостагӀа дерриге а лаьттана гонах хир ву! Цо йохор ю хьан чӀагӀо, хьан хӀусамашна талор дийр ду».

[12] Иштта боху Везачу Эло: «Наггахь Ӏуьно лоьман багара схьайоккху ши ност я лерган кийсак санна, иштта кӀелхьарбаьхна хир бу Шамран-гӀалахь маьнгин йистехь а, Дамасакхехь метта юккъехь а хевшина Ӏаш болу исраилхой.

[13] Ла а догӀа, Якъубан цӀийне дӀахьедар а де», – боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло.

[14] «Исраилхошна церан къинош бахьанехь Айса таӀзар дечу дийнахь Бетал-гӀалахь долу сагӀа доккху кхерчаш дохор ду Ас. СагӀа доккхучу кхерчийн уггар деза дакъош – церан маӀаш, хеда а йина, лаьтта охьатуьйсур ю.

[15] Ас хӀаллакдийр ду Ӏа доккху а, аьхке йоккху а цӀенош. Пийлан кӀомсаршца кечдина цӀенош а хӀаллакьхир ду. Дуккха а даккхий цӀенош, хӀаллак а хилла, дӀадевр ду», – боху Везачу Эло.

Ӏамос-пайхамаран тептар — Chapters