Skip to content
Opens in a new window

[1] Метта а дола, хьо леррина а талла, маьттаза халкъ,

[2] Делан сацам кхочушхилале, Далла тӀедерзаран де, мохо кегаш дӀахьокхуш санна, чекхдер ду, Везачу Элан йогу оьгӀазалла шайна тӀеяле, Везачу Элан дераллин де шайна тӀекхачале.

[3] Лахийша Веза Эла, лаьтта тӀехь шаьш кӀезиг хеташ долчу, Цо тӀедиллинарг кхочушдечу массара а. Нийсонца лелийша, шайн кӀезигалла дагахь латтаейша. Шу кӀелхьардовлийла хила тарло Везачу Элан оьгӀазаллин дийнахь.

[4] Ӏази-гӀала дӀатосур ю, Ашкхилун-гӀала а яссалур ю, Ашдод-гӀалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Ӏекхран-гӀала а тӀепаза йовр ю.

[5] Декъаза ду хӀордан йистехь дехаш долу кератхойн халкъ! Везачу Элера болу хӀара хаам хьуна дуьхьал бу, пӀелаштамхойн долахь болу КанаӀан-мохк: «Ас хьо хӀаллакбийр бу, тӀаккха хир бац хьан бахархой».

[6] ХӀордан йистера мохк жаӀушна дежийлаш а, уьстагӀашна гӀотанаш а хилла дӀахӀуттур бу.

[7] И мохк ЯхӀудан цӀийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гӀалин цӀеношкахь сарахь садоӀуш Ӏийр бу уьш, хӀунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахӀоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела.

[8] Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Ӏамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугӀорта гӀерташ цара дозалла дар а.

[9] Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гӀала санна, хир бу, ткъа Ӏамминхой, Ӏамор-гӀала санна, хир бу. Церан латта шена тӀехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хӀонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду».

[10] Иза царна хир ду церан куралла бахьана долуш – массо а ницкъийн Везачу Элан халкъ царна дола хетарна а, оцу халкъах уьш кхардарна а.

[11] Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тӀехь мел болу деланаш Ша хӀаллакбечу хенахь. ХӀораммо а шен-шен меттехь Цунна Ӏибадат дийр ду, ур-атталла хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а.

[12] Шу а, хушахой, Сан туьро хӀаллакдина хир ду.

[13] Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хӀаллакбийр бу. Нунав-гӀаланах, яссийна саьлнаш а йина, гӀум-аре санна, екъа меттиг йийр ю.

[14] Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бӀогӀамашна тӀехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеӀсагӀанашна тӀехь къапалгаш Ӏохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дӀадаьхна хир ду.

[15] Иштта хилла дӀахӀуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гӀайгӀа йоцуш яьхна йолу и гӀала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хӀума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тӀех мел волучо: «Жолам-яӀ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.

Цапни-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters