Skip to content
Opens in a new window

[1] Ӏабди-ЯхӀу-пайхамарна сурт хӀоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна. Везачу Эло хӀара хаам бира тхоьга, тӀаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дӀахазийра: «ХьалагӀовтта, Эдомана дуьхьал тӀом бийр бу вай!» – аьлла.

[2] «Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох, цундела хьо лорур дац цара.

[3] Хьо хьайн деган куралло Ӏехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“

[4] Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», – боху Везачу Эло.

[5] «Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш? Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш? Цара-м шайна оьшшучул бен хӀума дӀахьур яцара. Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича, цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг?

[6] Ма, чӀим санна, цӀанвина Ӏесав! Къайлаха мел ерг а ма гучуяьккхина цуьнан!

[7] Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дӀалохкур ду. Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду. Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Ӏовжор ду. Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“»

[8] «Цхьана дийнахь Ас таӀзар дийр ду Эдомна. Церан хьекъале нах хӀаллак а бийр бу, церан хьекъалалла дӀа а доккхур ду Ас, – боху Везачу Эло. –

[9] Хьан тӀемалой, Теман-гӀала, кхерабелла хир бу, ткъа Ӏесаван лам тӀехь берш хӀаллакбийр бу».

[10] «Аша шайн вешина Якъубана гӀело ярна, шуна тӀе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хӀаллакьхир ду.

[11] Церан хьал хийрачу наха дӀахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара.

[12] Шу хьогӀаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхӀудхой хӀаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь.

[13] Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула цуьнан ирс дайначу дийнахь. Ур-атталла хьежа гӀуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь. Аша цуьнан бахамна тӀе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь.

[14] Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь латта ца дезара цуьнан бевддарш хӀаллакбархьама, дийна биснарш дӀабала а ца безара аша оцу баланечу дийнахь.

[15] Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тӀе доьрзур ду.

[16] ХӀунда аьлча Сан безачу лам тӀехь аша маларш мийларе терра, кхечу къаьмнаша а муьйлур ду уьш массо а хенахь. Цара кхаьллина дӀадоккхур ду, тӀаккха, цкъа а ца хилча санна, дӀа а девр ду уьш.

[17] Ткъа кӀелхьардовлар Цийон-лам тӀехь хир ду. И лам, еза меттиг а хилла, дӀахӀуттур бу. Якъубан цӀийно шена бакъонца догӀуш долу латта тӀаьхьалонна доладоккхур ду.

[18] Якъубан цӀийнах цӀе хир ю, Юсупан цӀийнах цӀеран алу хир ю, ткъа Ӏесаван цӀийнах ча хир ду. И ча дагор ду. ТӀаккха цхьа а дийна вуьсур вац Ӏесаван цӀийнах». Иштта боху Везачу Эло.

[19] «Ӏесаван лам къилберачу яхӀудхоша дӀалоцур бу, ткъа акъарешна чуьра болчара пӀелаштамхой кара а берзор бу, Эпраймера а, Шамранера а аренаш дӀа а лоцур ю. Бен-Яманан тӀаьхьено ГалӀад-мохк схьабоккхур бу.

[20] Исраил-мехкан къилбаседерчу агӀонера махкахбаьхначеран эскаро, юха а деана, КанаӀанан латта Сарпат-гӀалина тӀекхаччалц дӀалоцур ду, ткъа Ярушалаймера ара а баьхна, Сапрад цӀе йолчу меттигехь баха ховшийначара ЯхӀуд-мехкан къилбера гӀаланаш схьайохур ю.

[21] КӀелхьардаха богӀуш берш Цийон-лам тӀе богӀур бу Ӏесаван ломана тӀехь олалла дан. ТӀаккха Везачу Эло Ша паччахьалла дийр ду».