Skip to content
Opens in a new window

[1] Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран, йолхалгӀачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанте ЮшаӀана а лерина бара.

[2] Иштта элира массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кху халкъо боху: „Везачу Элан цӀа до хан хӀинца а ца кхаьчна“».

[3] Хьагай-пайхамарехула халкъе Везачу Элера хӀара хаам кхечира:

[4] «Ткъа, хӀара Сан цӀа дассийна лаьттачу хенахь, куц а далош, шаьш динчу цӀеношкахь шу Ӏан мегаш йолу хан тӀекхаьчний?

[5] Цундела хӀинца иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе.

[6] Аша дуккха а дӀадоь, амма кӀеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тӀе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Ӏуьрг долчу кисана доьду“.

[7] Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн дегнаш леррина тӀедерзаде шаьш бечу некъаш тӀе.

[8] Лаьмнаш тӀе а довлий, дитташ а хедадай, уьш схьада, тӀаккха Делан цӀа юхаметтахӀоттаде. И гӀуллакх Суна хаза а хетар ду, иштта Сан сий а ойур ду“, – боху Везачу Эло.

[9] „Аша дуккха а долчу хӀумане сатуьйсу, амма кӀеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цӀа деанарг, Аса Сайн садеӀарца дӀадаьккхина. ХӀунда ду иза иштта? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу хӀорра а, сихло, шайн-шайн цӀа доьлхучу хенахь, Сан цӀа хӀинца а доьхна лаьтта дела ду иза.

[10] И бахьанехь стигал а дӀакъовлаелла, шуна тхи а ца луш. Лаьтто ялта а ца ло шуна.

[11] Аса лаьттахь а, лаьмнаш тӀехь а йокъа хӀоттийра. И йокъа бахьана долуш ялта а ца хилла, керла чагӀар а ца даьлла, зайтдаьтта а ца даьккхина, лаьтто мел кхиош дерг хьала а ца даьлла. Йокъано талхийна лаьтташ ду адамаш а, бежанаш а, шайн куьйгашца аша къа мел хьегнарг а“».

[12] ТӀаккха Шалтаалан кӀанта Зурбабела а, ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀанта коьрта динан да волчу ЮшаӀа а, дисинчу дерриге а халкъо а шайн Везачу Делан озе ладуьйгӀира. Хьагай-пайхамаро шайна бинчу хааме ладуьйгӀира цара, хӀунда аьлча Хьагай церан Везачу Дала схьаваийтина вара. Везачу Эле ларамах дуьзна дара халкъ.

[13] ТӀаккха Везачу Элан геланча волчу Хьагайс Везачу Элера болу хӀара хаам бира халкъе: «„Со шуьца ву!“ – боху Везачу Эло».

[14] ЯхӀуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кӀентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхӀу-ЦӀадакъан кӀентан ЮшаӀан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахӀоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира.

[15] Иза дара Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгӀачу шеран йолхалгӀачу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь.

Хьагай-пайхамаран тептар — Chapters