Skip to content
Opens in a new window

[1] Ӏуналлина лерина йолчу бӀаьвнна тӀе вогӀур ву со, чардакха тӀехь лаьттар ву со. Со хьоьжур ву Везачу Эло сайга эр дерг хаархьама а, ас-айса сайн латкъамах лаьцна хӀун ала деза хьажархьама а.

[2] Везачу Эло, жоп а луш, соьга иштта элира: «ДӀаязде Ас хьайна дӀахоуьйтун дерг, дикка къаьсташ дӀаязде экъанаш тӀе, йоьшучунна атта хилийтархьама.

[3] И хаам дӀаязбе, хӀунда аьлча Ас дӀахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугӀуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац.

[4] Хаам хӀара бу: „Лакхара хьоьжучух лаьцна аьлча, цунна чохь догцӀеналла яц. Ткъа Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву.

[5] Иштта, чагӀаро Ӏехаваре терра, курачу стеган синтем ца хуьлу. Цуьнан сутаралла, эхарт санна, шуьйра ю, Ӏожалла санна, цкъа а Ӏебар вац иза. Цо дерриг а къаьмнаш шена тӀе схьагулдо, массо а халкъаш шена йийсаре схьадаладо“».

[6] Ткъа и эшийна халкъаш-м хир дац те дерриш а толамхойх лаьцна кицанаш а дохуш, царах кхаьрдаш, царах лаьцна хӀетал-металш олуш? Цара эр ду: «Декъаза ву шен боцу бахамах шех хьалдерг вийриг, шех деза закъалт дийриг. Дукха ханна хир дуй те иза иштта?»

[7] Хьуна декхарийлахь берш цӀеххьана гӀовттур-м бац те? Хьо кхоьруьйтуш берш самабевр-м бац те? ТӀаккха хьо церан ижу хилла дӀахӀуттур ма ву!

[8] Ахьа а дукха халкъашна талораш дина дела, дисинчу массо а халкъаша хьуна а талораш дийр ду, хӀунда аьлча ахь адамийн цӀий Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.

[9] «Декъаза ву хьарамлонца шена хӀума гулдийриг, шена цӀа дайтархьама а, шен бен лакхенгахь бархьама а, цу тайпана бохаман куьйгах ша кӀелхьарваккхархьама!»

[10] Ахь дагалаьцначу хӀуманаша хьан цӀийнан сий дайина. Дукха халкъаш хӀаллакдарца хьайн синна къилахь дерг лелийна ахь.

[11] Пенашна юкъарчу тӀулгаша хьуна дуьхьал мохь хьоькхур бу, дечигах динчу дукъоша цара до тоьшалла духаэр ду.

[12] «Декъаза ву цӀий тӀехь гӀала хӀоттош верг, харцдолчуьнца чӀагӀонаш дӀахӀиттош верг!»

[13] Массо а ницкъийн Везачу Элера-м дац те халкъаша цӀеран дуьхьа къахьегна хилар а, къаьмнаша шаьш эрна хьийзийна хилар а?

[14] Амма Везачу Элан сийлалла йовзарх латта дузур ду, хиша хӀорд ма-буззара.

[15] «Декъаза ву шена уллорачаьрга оьгӀазаллин кад молуьйтуш верг, церан сийсазалла гучуяккхархьама, маларш а мийлош, уьш бахош верг!»

[16] Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тӀекхочур бу, хьан сийнна тӀе юьхьӀаьржо йогӀур ю.

[17] Ливанун-махкахь ахь лелийна зуламаш хьуна тӀедоьрзур ду. Ахь дийнаташ хӀаллакдарна, акхароша хьо а кхерор ву. ХӀунда аьлча адамийн цӀий а ахь Ӏанийна, иштта мехкашна а, гӀаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина.

[18] ХӀун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цӀун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хӀуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цӀунах муха тешар ву? И цӀу вист а ца хилало!

[19] «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тӀулге „ХьалагӀатта!“ бохург. Цуьнга Ӏамалур дуй те цхьа а хӀума? ХӀаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац».

[20] Ткъа Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха!

Хьабукъа-пайхамаран тептар — Chapters